close

Вход

Забыли?

вход по аккаунту

Отличное качество и море удовольствия, на дороге или вне;pdf

код для вставкиСкачать
Чеченская Республика
МБОУ «СОШ №2 г. Гудермеса» Гудермесского муниципального района
3662202, Чеченская Республика
г. Гудермес, ул. Х.Нурадилова. 22, т. 2-24-40
[email protected] mail.ru
Пресс-релиз
Ненан мотт – сан дозалла!
14-г1а апрелера – 19 г1а апреле кхаччалц нохчийн меттан к1ира д1адаьхьира
Гуьмсера № 2 йолчу юккъерчу юкъарадешаран ишколехь. К1иран чохь д1адаьхьира
диллина хьехарсахьташ, нохчийн туьйранийн, пенан зорбанийн гайтам, иштта нохчийн
яздархойн киншкийн гайтам. Цул совнаха къийсадаларш д1адаьхьира ненан маттах
лаьцна сочиненеш язъярехь, байташ ешарехь. Лахара классашкара бераша а дакъалецира
оцу къийсадаларшкахь.
14 – г1а апрелехь нохчийн яздархойн, поэтех, 1илманчех лаьцна пеназорбанаш 5-11 кл
дешархоша арахийцира.
Пенан зорбанаш кечдарехь х1ара меттигаш бехира:
1-ра меттиг- 11 «А» кл, 9 «В» кл
2-г1а меттиг – 6 «Б» кл, 5 «А» кл.
3-г1а меттиг бийкъира -6 «А» кл, 6 «Г», 5 «Б», 5 «В» классашна юкъахь
Оццу дийнахь сочиненийн къовсам а д1абаьхьира. Цигахь билгалбехира иштта меттигаш:
1 м.- Висиханов Рамзан 11 «А» кл, Дукаева Айшат 4 «Г» кл.
2 м.- Султанова Мадина 8 «А» кл, Атаева Айшат 5 «Б» кл, Катаева Мадина 4 «Б» кл,
Юсупова Мадина 4 «В» кл.
3 м. – Каламов Адам 5 «В» кл, Дабачхаджиева Фарида 4 «А».
15 - чу апрелехь 5-6 – чуй классашна юкъахь туьйранин гайтам дIабаьхьира.
Цигахь тоьлла меттигаш яхарца билгалъевлира х1ара классаш:
1 – ра меттиг - 6в класс,
2 - гIа меттиг - 5а класс,
3 - гIа меттиг - 5в класс
17 – чу апрелехь хьехархо Висиханова А. Р. диллина хьехарсахьт делира 2- чу Б
классехь.
Урокан цIе ю «ХIуманан билгало гойту дешнаш.
17 – чу апрелехь хьехархочо Магамадова З. А. 10-11-чуй классашна юкъахь дIаяьхьира
«Хаарийн бIов» цIе йолу викторина. Толам баккхарца билгалъевлира 11 – гIа классаш.
Оццу дийнахь Акбулатова А. Б. дIаяьхьира Мамакаев Iаьрбина лерина йолу
литературни суьйре.
Яздархочух лаьцна алсам хаамаш бовзийтира 8-11-чу классийн дешархоша.
Массо а классаша дакъа лецира нохчийн кхачанан гайтам болчу дийнахь 18-чу
апрелехь
18 -чу апрелехь хьехархочо Атаева А.А. д1агайтира классал арахьара болх «Ненан моттсан дозалла». Хьовсучеран самукъаделира, берийн духарш, церан аларш цхьаьна дог1уш
дара. Оццу дийнахь библиотекан доладархочо Мусаева З.Т. д1абаьхьира нохчийн
г1арабевллачу яздархойн киншкийн гайтам.
19-чу апрелехь 7-чу классашна юкъахь «Ненан мотт-деган хьост» ц1е йолу викторина
д1аяьхьира хьехархочо Хасуева З.М. Оцу къовсамехь х1ара меттигаш бехира:
1-ра меттиг- 7 «А» кл.
2-г1а меттиг -7 «Б» кл.
3 – г1а меттиг – 7 «В» кл.
Билгалдаккха лаьа, нохчийн меттан МЦ хьехархоша, цхьа а юьстах воцуш, цхьатерра
дакъалецира нохчийн меттан к1ира д1адахьарехь.
Нохчийн меттан к1ира дерзош хьехархочо Юсупова З .А. д1аяьхьира «Ненан мотт-сан
дозалла» ц1е йолу литературно-эшарийн композици.Мероприяти д1аяьхьира 6-11-чу
классийн дешархошца.Дешархоша гайтира шайн ненан матте болу безам.Иштта
карладехира вайн г1иллакхаш .
Т1аьххьара к1ира дерзош къовсамашкахь толамаш баьхначу дешархошна совг1аташ
дира.
Автор-Магамадова З.А.
1/--страниц
Пожаловаться на содержимое документа