close

Вход

Забыли?

вход по аккаунту

Значения целевых;doc

код для вставкиСкачать
Сочинени
«Хаза дош - беркат»
Шелковски к1оштан
Дубовскера юккъерчу школан
10-чу классан дешархо
Товсултанова Линда
Хьехархо: Алсултанова Таус магомедовна
1
Товсултанова Линда, 9- чу классан дешархо.
2
Сочинени: «Хаза дош - беркат».
Г1иллакх доцчу нахаца гергарло хуьлучул,
г1иллакх долчу нахаца мостаг1алла хилар тоьлу.
Буланхит1ахь вехаш вара Керим. Эг1азе, г1ийла а вара иза кхуьуш. Амма болх бечу
хенахь массара а шайна юххе воккхура иза. Дашна ч1ог1а говза вара к1ант. Цо ечу
забарша дегнаш ира-кара х1иттадой, к1аддалар х1ун ду ца хууш самукъане хуьлура
Керимана юххехь. Шел воккха ши ваша вара цуьнан. Царна ц1енош дуг1уш белхеш беш
цхьанакхетарш дукха нислора эвлахь. К1ентех угар жиманиг вара иза. Ц1еххьана дег1
даьккхина, воккха а хилла, хазчу куьцехь, безаме к1ант хилира цунах.
- Керим и забарш мичара 1емина хьуна? - аьлла, хаттар дича:
- Берриш к1ад-г1елбелла гича, церан х1ун самукъадоккхур дара теша аьлла хетча,
Дала ша дагатуьсу-кх сунна уьш,-олура цо.
- Дуьненан самукъа х1ара ду-кх, - бохуш йоккхаера нана шен к1антах.
Сан дейишин к1ант хуьлу иза. Шича олу боху-кх ишттачух. Амма тхуна и тхайн ваша
хетара. Сан да цомгаш волу дела, г1уллакх ца дича и 1ан а ца ло дела (кхаш т1ехь белхаш
бо цо), сан дейишас аьхке г1оьнна охьа Дубовске, тхо дехачу метте, воуьйтура иза.
Керимна ч1ог1а хаза хетара тхоьгахь. Сих-сиха вог1ура иза.
И гучу ма-веллинехь: «Кхин а цхьа белхало т1екхийти» - олура сан дас.
«Цхьа а хала х1ума дац, и болх бе эр дац те аьлла, веана со-м», - жоп лора Керима.
«Ой, Керим, хьуна х1ун хазахета тхоьгахь, тхо даим болх беш нах ду, оха а болх беш
хилча, тхо долчу веанарг, тхоьца болх ца бича ца волу», - хьийзавора и сан дас.
«Со-м дера ца веана ловза», - шен белхан х1умнаш чохь йолу т1оьрмиг, охьабуьллура
Керима.
Ткъе ворх1алг1ачу сентябрехь, шегара г1о оьшуш хила там бара шен ненавешина,
аьлла, Дубовске ван араволу Керим. Гирбински станице кхаьчча, шен нене ша
т1аьххьарчу социйле д1акхаьчна, кестта Дубовске д1акхочур ву, олий з1е туху цо. Амма
охьакхача доьг1на ца хиллера цунна. Гирбинскехь некъахула чекхволуш т1е машен кхета
цунна. Машен башха чехкайоьдуш-м ца хилла, бохура. Цуьнан хеннара к1ант хуьлу
машенца верг.
Шен машен 1адда а юьтий, новкъа йоьдучу машенна куьг а лоций, к1ант больнице
кхачаво цо.
3
Д1асатуху телефон. Машенца хиллачу к1ентан нах цхьана аг1ор. Кериман гергарниш
аьлча-м нийса а хирдац, Керим мел вевзинарш, вукху аг1ор д1ах1иттина 1а нах. Цхьа а
дош олуш стаг вац кхузахь.
Ткъа нохчийн нана! Везчу Дала къинхетам бойла-кх хьох, вайн массеран нанойх! Ма
доккха собар дезаш г1уллакх ду хьайниг. Хьан дог хьаста дешнаш муха карор ду.
Гуьйре. Токхе гуьйре, ахь хьайн 1аламан г1уллакхаш д1акхоьхьу. Массо адам 1аьнна
шайн доьзалшца чудерза кечлуш ду. Курмани а ма яра воккха к1ант юьстахваьккхина,
шолг1ачу к1антана зуда я ялийна, Керимца, чуерза йоллуш. Амма тахана цуьнан дог
кийрара схьаэккха долуш сана деттало. Цкъа карзахдолий, дег1е дагар детта, юха когаш
г1орош шагат1улг хуьлий, хорша хьоду.Мичхьа карор ду цуьнан дагна там бан дешнаш?
Цхьа вист хуьлуш вацахь, массо кхеташ ву, эсе ца вог1уш дукха мел вуьсу Кериман
дуьненчохь йоккхучу хенан миноташ ягаръеш хиларх.
Йиша ю Курманин Курсум. Деца олу ас цунах. Кериман ненах Зимйиши олу.
Шен йишин дог тедан дешнаш лоьху цо: «Собаре хилалахь, Делан кхел ца лелча ца
йолу хьуна». Х1о доккхачу дуьнен чохь цхьана цхьа к1ант бен воцуш йолчу цунна,
буьйсанна, ши шо хьалха,кхоъ долучу хенахь горгали бекча, шен к1ант телефон
схьаеттарг ву моьттуш телефон сихонца схьаэцча, телефон чухула къорра схьахезира.
- Х1ара телефон йолчуьн мила хуьлу хьо?
- Со цуьнан нана ю-кх. Нене ала дош доцуш висира телефон схьаеттарг.
- Х1ара телефон хьайн ц1ийндега д1алохьа, - дийхира цо.
- Ц1ийнда ван ма вац сан.
- Хьайн кхечу к1анте лохьа.
- Кхин к1ант-м ма вац сан.
- Луларчу цхьана боьршачу стаге д1алохьа,- хезара телефон чухула схьа.
- Ас муха г1иттабо буьйсанна кхоъ долучу хенахь, лулахой, схьаала ахь.
- Ала…, х1умма дац, ца аьлча ца долу, - хезира нанна генаро цхьа воккхочуьн аз.
Жимма 1ийча…, ца моьттура нанна: «Х1ара телефон ерг, цуьнца кхин шиъ к1ант,
машенца авари йина, велла1уьллуш ву, - эр дуй шега. – И лазийна аьлча а, тоха са доцуш
яра и.
Ткъа тахана йишина а изза хьал х1оьттина.
Ткъайоьссана дийнахь, къийсира Кериман дег1о, 1ожалло. Амма 1ожалла Дала
тоьхначу минотал, сохьтал т1ехтила йиш яц.
Ткъайоьссана дийнахь 1аьржа бода хилла лаьттира машенца хиллачу к1ентан нах.
Цхьа охьахууш стаг ца гора царна юкъахь, юьстахволуш стаг вацара, вистхуьлуш стаг ца
4
хезара. Цомгашчунна т1еоьшург к1ант волчарна шек ца кхоьтуьйтуш, шайга алар, дехна
хиллера цара лоьрашка. Цхьа жимха гора сих-сиха лоьрашна т1евоьдуш, чу-ара волуш.
Вуьрх1итталг1ачу октябрехь, Замай-юьрта некъа т1ехь дукха беха мог1а бара
машенийн. Куйнаш кара а эцна, г1аш юьрта бог1уш божарийн тоба яра, царна т1аьххьа
оьздачу духарехь йог1уш зударийн тоба а яра. Замай-юрта дукъахула чекхбевлла
Буланхит1а дукъара охьанехьа юьрта чу хезара цара деш долу зуькар. Ерриг юьртахь мел
волчунна шера хезара иза. Х1ора ц1а чохь тийна дара. Амма зуькаран аз, зударийн узаман
аз цхьа тамашийна цхьаьнаийнера. Доьхура цара: «Х1ара дуьне кхоьллинчу Делан дуьхьа,
хьогаллина уг1уш йолчу акхаройн дуьхьа, йокъаллина дан х1ума доцчу ораматийн дуьхьа,
хи ца хилча йиш йоцчу дуьнечу мел кхоьллинчу х1уманийн дуьхьа, царна шовданаш
кхоьллинчу Делан дуьхьа, нанас йинарг яла хьан олуш, йоьлхуш йолчу ваша веллачу
йишин дуьхьа, боберашна саг1а лучу бехачу нехан дуьхьа, мискачийн до1анийн
дуьхьа,1еламчу нехан динан дуьхьа, - кхин дуккха а дехара цара шайна къинт1ера бовлар.
Жимма хан яьлча, кет1а елира к1ентан нана. Т1евийхира цо машенца хиллачу к1ентан
да. Божарий боьлхуш наггахь бен хуьлуш дац-кх вайн. Кхузахь дерг кхин дара. Божарийн
дог1маш дегош дара.
Дерриг адам тапъаьлла ладоьг1уш 1ара.
- Со къинт1ера ели-кх хьуна, хьан к1антана, - йистхилира нана. Тезетахь, кадамехь
мел волчунна д1ахезира иза. Дег1е зуз хьаьдира массарна а. Цхьа а хин т1адам ца белира
ненан б1аьргах. Амма нехан б1аьргара оьху хи чулаьцча, цунах цхьа 1ам хир болуш санна
хетара.
Дала декъалвойла хьо, Керим! Веза хин волчу Дала собар, доьналла долуш наной,
г1иллакх долуш адамаш, масла1атана дош ала хууш говза нах, латтабойла вайна!
Керим
5
Курмани – Кериман нана.
6
1/--страниц
Пожаловаться на содержимое документа