close

Вход

Забыли?

вход по аккаунту

Министерство здравоохранения и социального развития;doc

код для вставкиСкачать
25-гIа апрель – Нохчийн меттан де
www.vesti95.ru
№ 81 (2265) ПЯТНИЦА, 25 АПРЕЛЯ 2014 ГОДА СВОБОДНАЯ ЦЕНА
Дуьнен чу кхуллушехь шен-шена мотт
белла Дала х1ора а къомана, цуьнан
шатайпаналлин уггаре коьрта билгало
а йина. Цундела и 1алашбан, кхион,
цуьнан сий дан декхарийлахь ву
х1ора а. Ткъа т1едог1уш доккха дезде
ду Нохчийн меттан де. И гергадало
г1ерташ дукха къахьегна.
Нохчийн мотт даггара безаш
хиллачарах цхьаъ вара Нохчийн
Республикин хьалхара Президент
Кадыров Ахьмад-Хьаьжа.
Иштта д1адоладелира нохчийн къоман,
нохчийн мехкан, нохчийн меттан
парг1ато юхаерзор, сий меттах1оттор.
«Нохчийн къам дийна хиларан мокхазан
ч1аг1о ю нохчийн мотт».
Кадыров Ахьмад-Хьаьжа
«Муьлххачу а юкъараллин декхар ду шен ненан мотт 1алашбар, кхиор,
т1екхуьуш йолчу т1аьхьенашка халкъан син-хазна д1акховдор».
Кадыров Рамзан, Нохчийн Республикин Куьйгалхо
Нохчийн меттан денца доьзна
Нохчийн Республикин Куьйгалхочун
Р.А.Кадыровн декъалдар
Хьоме махкахой!
Ас даггара декъалдо шу Нохчийн меттан денца!
Вайн дезачу денойн рузми тIехь цо къаьсттина йолу, сийлахь меттиг дIалоцу. Нохчийн меттан де диллина ненан меттан сий-ларам лакхабаккхаран Iалашонца. И гIуллакх
вайна гуттар а дара коьрта маьIна долуш, мотт вайн къоман башхаллин чIагIо ма ю.
Вайн хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас къаьсттина доккхачу маьIне лорура нохчийн халкъан мотт, культура, истори Iалашъяран
гIуллакхаш. Нохчийн лингвисташна а, журналисташна а, яздархошна а гуттар а хаалора
иза шайх кхеташ хилар а, цо гIолацар а. Республикина уггаре а халачу муьрехь ненан
маттахь арахеца долийра газеташ а, журналаш а, книгаш а, Іаматаш а, телепередачаш
а, радиопрограммаш а.
А.-Хь.Кадыровс билгалбаьккхинчу новкъа дIаса ца таьIIаш, дIадоьлхуш ду вай тахана. Нохчийн Республикехь уггаре а бегIийла хьелаш кхоьллина нохчийн мотт тоьллачу
баккхарна а, шуьйра бовзуьйтуш, иза баржорна а. ХIора шарахь вай дIахьо нохчийн
мотт Iалашбарна а, кхиорна а лерина йолу конкурсаш а, фестивалаш а. Вайн декхар ду
тIехиндолчу чкъоьрнашна нохчийн мотт Iалашбар.
Цуьнца доьзна вайна тIехь ду Iаламат доккха жоьпалла. Нохчийн мотт вайн дозалла,
вайн хьал-бахам бу. Мотт ца хилча, халкъ а дац. Цундела иза хаа а, леррина ларбан
а беза. Ненан мотт лаккхарчу трибунашна тІера бекна ца Iаш, амма хIора хIусамехь
буьйцуш хила декхар ду. Ишттий бен кхиалур дац вайга ненан мотт безар а, цуьнца
сий-ларам хилар а.
Хьоме махкахой! ХIокху дезачу дийнахь суна лаьа шун ирс, могашалла, токхо хуьлийла! Дукхабеза, Iалашбе ненан мотт!
Марша догIийла!
Нохчийн мотт базбеш, лоруш,
сийдеш, и марзбан, хазбан,
кхио лерина догIу апрель
беттан 25-гIа Де! Нохчийн
меттан сийдайъар ца лалуш,
адамийн хьашташкара,
юкъараллин хьелашкара иза
юьстахтеттар, законехь и
бийца, Iамо елла бакъонаш
талхор ца лалуш, цуьнан
дешнаш кхоамаза дицдар,
иза шога, бохош бийцар ца
лалуш болчарна, дог хьаста,
кхаъ бохьуш догIийла хьо!
Нохчийн мотт, ненан мотт вайн
бе з ач у э вл а я а ш а ха з бе ш , л а р беш, сийдеш бийцина. Вайн дикачу къонахаша лерамца, кIедамерза доттагIашца, буьрса-чIогIа
мостагIашца, экаме, дог хьостуш,
зударшца-берашца, деца-ненаца
бийцина. Вайн дайша, «бисмилла»
олуш, урд аха стерчий доьжна,
нахаран баьлчанаш лоцуш, бина
мукъамаш оцу маттахь бина. Нанас
ага тахкош, бер дижо аганан илли
а оцу маттахь аьлла. Вайн къоман
халачу дахаран шираллин и башха
хазаллаш ца йовзахь, цуьнан са доллу меттиг – Даймохк, нана, нохчийн
мотт, ненан мотт – хазнаш йицъяхь,
Дала а гечдийр дац вайна.
Цундела юха а марша догIийла
хьо, Нохчийн меттан де! Нохчийн
мотт! Стиглахь ткъес детташ, йоча-
наш латтарх, хиш десташ, бердаш
чухерцарх, мохк бегош, латта лесторах, малх лаьцна, баланаш биссарх,
тIемаша тхан дахарш хедорах, бехк
боцуш тхо махкахдахарх, шелоно,
мацалло, харцоно хийрачу махкахь
тхо дIасадаржорах, хьо тхоьца биснера, оха тхаьш Деле а хьоьца дехнера. Хьо бицбан бахьанаш хIиттаро,
сийдойъуш, хьо юьстахтеттаро, хьо
гIелбан, азбан некъаш кароро, хьо
безачийн дегнашна тIеIаткъам бо.
Цундела хьо Деле доIнашца беха
дог догIу. ХIай Везан Дела, нохчийн
Нохчийн меттан туркх
меттан сийдайъа гIертачийн луург
ца долуьйтуш, иза безачийн дегнаш
хьостуш, гIаланашка, ярташка, базаршка, гIишлошка, хьаькамашка,
Iилманчашка, дешархошка, студенташка, массеран а даге кхачабе Ахь
нохчийн мотт. Оцу маттахь арадолу,
дуьненахь а цхьаъ бен доцу «Даймох» газет вайн оьздачу хIусамийн
дай-наношка, церан доьза лшка
безам-марзонца тIеэцаре кхачийта
Ахь. Тхайн ненан маттахь тхаьш
даккхийдер кхаьънашца кхайкхош,
баланаш баьхкича, бохамаш балхош,
мехкан хьелаш, хьашташ, хьесапаш
дуьйцуш, адамийн амалш, таронаш,
токхонаш йовзуьйтуш, хьекъалкхетам, ийман-лерам, тешам-безам,
комаьршо-къинхетам гIиллакхашца,
оьздангаллица, собарца, доьналлица
доьзна долчохь бен дуьззина къонахчун васт цахилар гайта башхачу
маттаца ницкъ кхочучу «Даймохк»
газетан оьмар эзарнаш шерашка
яхъе Ахь. Мотт, духар, гIиллакхаш,
ламасташ къоман сибат ду. И сибат
лардеш верг, шен махкана, къомана
хьакъволу къонах, мехкада ву. Да
воцуш ма буьсийла нохчийн мотт,
нохчийн мохк. Вайн дайша лаа ца
баьхна: «Мотт боцуш – къам а дац,
къам доцуш – мотт а бац». Меттан
сий доцчохь, къоман сий хила йиш
яц. ХIай Везан Дела, мехкан сийдарах, къоман сийдарах, меттан сийдарах лардехьа тхо, барт цхьаъ беш,
т1аьхье беркате ехьа тхан.
Х.БЕРСАНОВ
Джамалханов Зайнди нохчийн
маттана дуккха а дика дина стаг
ву. Ша пхийттара ваьлчахьана
дуьйна нохчийн мотт кхиорна,
ларбарна т1ехь г1уллакх деш,
схьавог1уш ву иза. Хене хьаьжна
доцуш, д1атесна а бац цо и шен
мехала болх. Шен къоман дуьхьа
тахана а, мало ца еш, къахьоьгуш
ву и хьуьнаре, нохчийн меттан
иралла а, к1оргалла а евза, къано.
Джамалханов Зайнди вина 1922-чу
шеран май беттан 9-чу дийнахь ЛахаНеврехь. Винчу юьртара ворх1 шеран
школа чекхъяьккхинчул т1аьхьа НохчГ1алг1айн меттан, историн 1илмананталламан институте кхойкху иза. Иза лаа
а дацара. 16 шо бен доцу жимчу стагехь
нохчийн мотт хаар т1ехь доккха пох1ма
гучудаьллера.
1939-1941-чу шерашкахь СССР-н 1илманан академин СССР-н къаьмнийн йозанийн, меттан коьртачу институтан белхахо,
меттан 1илманан, филологин 1илманан
доктор, профессор хиллачу Н.Ф.Яковлевца
нохчийн литературни меттан морфологи
а, синтаксис а х1оттош болх бо Зайндис.
Х1етахь дуьйна цуьнан дахар нохчийн маттаца а, и талларца а ца хедаш схьадог1уш
ду. Ала деза, къоначу 1илманчин иштта
кхиамца болабелла 1илманан болх цхьана
ханна юкъахбелира, нохчийн къам махках
а даьккхина.
1957-чу шарахь Даймахка ц1а ма вирззи
карлабоккху Зайндис нохчийн мотт талларехь беш хилла болу болх. Х1етахь дуьйна
схьа цо язбина 250 сов 1илманан болх
(1аматаш, методикан пособеш, дешаран
программаш, дошамаш, публицистически
статьяш). Царна юкъахь коьртачех лара дог1у: «Нохчийн меттан нийсаяздаран коьрта
бакъонаш» (А.Мациевца цхьаьна). СоьлжаГ1ала, 1958ш.; «Чечено-ингушско-русский
словарь» (А.Мациевций, И.Оздоевций
цхьаьна). Соьлжа-Г1ала, 1962ш.; «Нохчийн мотт» (хьехархойн училищен студенташна лерина. Фонетика. Орфографи.
Морфологи. 1 дакъа. Синтаксис 11 дакъа.
Соьлжа-Г1ала, 1985ш.); «Нохчийн мотт»
(7-8-г1ий классашна); «Нохчийн меттан
нийсаяздаран дошам» (Я.Эсхаджиевца
цхьаьна). Соьлжа-Г1ала, 1985ш.; «Нохчийн
меттан нийсаяздаран дошам» (И.Алироевца
цхьаьна). Соьлжа-Г1ала, 1992ш.; «Юьхьанцарчу классашкахь нохчийн мотт хьехаран
некъаш» (У.Эжаевций, Э.Солтахановций
цхьаьна). Соьлжа-Г1ала, 1993ш., иштта
кхид1а а.
Дукха болх бина Зайндис нохчийн халкъан барта кхолларалла гулъеш. Фольклоран масех гулар ара а хецна. Халкъо гуттара
а езаш т1еоьцура нохчийн маттах, халкъан
барта кхоллараллех лаьцна телерадион
передачаш.
Гоьваьлла нохчийн меттан хьехархометодист ву З.Джамалханов. 50 шарахь
Соьлжа-Г1алара хьехархойн колледжехь
нохчийн мотт хьехна цо. Студенташна
г1иллакх-оьздангалла лелорца масал хилла
лаьттина а ву.
Хьехаран белхан зеделларг, 1илманехь
девзинарг къоначу хьехархошна д1адала
лууш а, и шен декхар лоруш хилла Зайнди.
И бахьана дара дуккха а шерашкахь хьехархойн говзалла лакхаяккхаран институтехь
цо болх бар. Нохчийн мотт, барта кхолларалла, литература хьехаран методиках
боккха пайда а оьцура хьехархоша цуьнан
лекцешкахь.
Ларамаза дац «Нохчийн Республикин
халкъан хьехархо» сийлахь ц1е тиллар а.
Иштта б1аьрла лар йитина Джамалханов Зайндис исбаьхьаллин литературехь
а. «Сирла некъ» (1959), «Тешам» (1964),
«Ирсан новкъа» (1980) стихийн гуларийн
автор ву иза.
1илманехь а, хьехархойн хьаьрмахь а,
литературехь а цуьнан хьаналчу къинхьегаман лакхара мах хадийна юкъаралло а,
1едало а. Нохчийн пачхьалкхан университетан а, Москвара Вайзаман Гуманитарни
Университетан сийлахь профессор а, «Нохчийн Республикин сийлахь гражданин» еза
ц1е лелош а ву Джамалханов Зайнди, шен
къоман сийлахь во1.
Кадиев Руслан
2
25-гIа АПРЕЛЬ – НОХЧИЙН МЕТТАН ДЕ
Вести республики
Беркате Закон
Мотт кхиоран декъехь хилла ца Iаш, дийнна къоман дахарехь а и
Закон чIогIа мехала, маьIне хилар билгалдеш ду, Закон тIеэцна де (25гIа апрель) Нохчийн Республикин Куьйгалхочо (хIетахь – Президент)
Кадыров Рамзана шен Указца Нохчийн меттан де аьлла дIакхайкхор. Оцу
акташца (меттанийн хьокъехь Закон а, Нохчийн меттан де кхайкхоран
хьокъехь Указ а тIеэцарца) республикин куьйгалло нохчийн мотт кхиорна, ларбарна, баржорна тIехьажийна бечу белхашна шуьйра некъ баьстина. И дика гуш ду вай дуьйцучу Законан цхьацца статьяшка хьаьжча.
...Мотт ца хилча къам ца хуьлий а, къоман йоза
ца хилча цу къоман меттан орам ца хуьлий а
хууш, Нохчийн Республикин куьйгалхочо Кадыров
Рамзана вайн дерриг а нохчийн къоманна дина
деза совг1ат ду Нохчийн меттан де...
Жамалдаев Шаид
Ненан мотт –
мах боцу беркат
Нохчийн мотт! Сан ненан мотт! Азаллера дуьйна Нана-Дег1аста х1аллакьян г1ерташ, чуг1иртинчу 1аьржачу ницкъашна юьхьдуьхьал лаьтташ, вайн оьздачу дайша
ларбина, тахнене схьакхачийна мотт. «Дуьне даа веънарг хийла хьо!»-олуш, ловца
баккхарца, хьан дуьнен чу валар декъалдина мотт. Аганан г1ожца хьан нанас хьуна,
тайна мукъамаш хазийтина мотт. «Нана» – аьлла, хьуо винчу хьайн нене дуьххьара
хьо кхайкхина мотт. Дуьненан мехха йолу ден аьхналла хьуна йовзийтина мотт. Х1ун
хир ду цул деза, доккха, хьоме. Хастам хиларо Аллах1-Дала кхечу къаьмнех къастош,
вайна дина исбаьхьа совг1ат ду иза. Дуьне довза луучунна, мах боцу беркат ду нохчийн
мотт. Шен синхаамаш д1абовзийта луучунна говза г1ирс бу иза. Мостаг1чунна дуьхьала х1уттуш, хьан дог-ойла ч1аг1ъен шатлакхан илли ду иза. Доттаг1че вистхуьлуш
марзонан дог1а ду иза. Езаре безам ахьа балхош, хьан деган зевне илли хуьлий бека
нохчийн мотт. Къаьхьачу г1айг1ано дог 1овдахь, тийжачу мукъаме боьрзий, хьоьгара
лазамаш-баланаш д1аоьцуш, къоьжачу лаьмнех схьадолучу шийлачу шовданах тарло
иза. Нохчийн меттан бос керчачу хазаллех цецвийлина оьрсийн сийлахь - воккха яздархо
Лев Николаевич Толстой. Дуьненан ни1матех цхьаъ нохчийн мотт лийринчех ву Петр
Карлович Услар. Вайнахах к1езиг бац нохчийн меттан йозанан хьаьрмахь шайн беркатечу хьаьркийн лараш йитинарш. Шелара Соип-Молла, Досов Къеда, Хасанов Янг1улби,
иштта кхиберш а. Советан 1едало йоза-дешарна массарна цхьабосса даьстинчу хоршах
пайдаоьцуш, нохчийн мотт 1илманан бухца бузуш, 1амо а, кхио а лууш, къахьегначарех
бу: Чентиева Марем, Дешериев Юнус, Джамалханов Зайнди, иштта дуккха кхиберш а.
1аламат боккха иэшам бо нохчийн маттана 1944-чу шеран 23-чу февралехь вайнах лаамаза
махках бахаро. Кхойтта шарахь, парг1отанах, махках, маттах, Даймахках хьегош, 1азапехь
даллийна нохчийн къам, къинхетамза шайн ворх1е дайн оьздачу г1иллакхийн орамех хадош.
Амма сталински хьадалчийн ницкъ ца кхаьчна вайн дайшка-наношка нохчийн мотт д1атасийта.
Цара йо1-б1аьрг санна ларйина халкъан бартан кхолларалла. Иза боккха Делан къинхетам бу,
йозанехь зорбане бийлина 1илманан белхаш 1едалан векалша багийна, чим бина, х1аллакбина
д1абаьхна хилча-м муххале а. 1957-чу шарахь вайнах ц1аберзарца юхаденйира Нохч-Г1алг1айн
Республикин историн, литературин, меттан талламан институт. Нохчийн меттан беркатечу
хьаьттахь къахьоьгучу 1илманчийн керла ц1ерш евзира халкъана, махкана: Мациев Ахьмад,
Эльмурзаев Сераьжди, Чокаев Кати, Вагапов Якъуб, Эсхаджиев Якъуб, Тимаев Ваха, иштта
дуккха а кхиберш а. Нохчийн маттана хаддаза г1аролехь лаьттинчарех бу къоман сийлахь яздархой: Бадуев Са1ид, Мамакаев Мохьмад, Мамакаев 1аьрби, Хамидов 1абдулла, Айдамиров
Абузар, Окуев Шима…
Оцу сийлахьчу адамийн говзарш ондда г1ортор ю нохчийн мотт бовзарехь а, иза кхиорехь
а. Нохчийн маттах уггаре а луьрачу заманахь хастаме дош аьллачарех ву халкъан поэт Арсанукаев Шайхи а. «Йистйоцу х1орд санна, бу хьуна шорта, ша безаш волчунна вайн нохчийн
мотт», – элира Шайхис вайна массарна евзачу шен байташкахь, ненан мотт акха тесна хутал
санна д1атесна, кхечу маттах пайдаэца цхьаберш буьйлабелча. Дукхах болчарна и дешнаш
сих кхийтира, т1аккха дагахь а 1амийра.
Бакъду вешан махках а, маттах а чомахь марзо эца дитина дац вай. Кхин х1умма ца
хилча а, ХХ-ХХ1-г1ий б1ешераш хотталучу муьрехь Нохчийчу хьаьвзина бохамаш тоьар
бара. Боккха иэшам бира цу бохамаша маьршачу адамашна, церан декъазчу синошна, нохчийн маттана, махкана. Амма Делан къинхетам боккха бу! Цу балех вай хьалхадехи нохчийн
оьздачу кхерчара схьаваьллачу къонахчо, 1азапо г1елдина къам шен букъ т1ехьа лоцуш, иза
майра г1аьттира Нохчийчуьра т1еман алу д1аяккха, халкъ парг1атдаккха, ненан меттан доь
ца дайта, вай ирсе дахийта. Къам цу зовкхе кхачийта шен дахар д1аделира Ахьмад-Хьаьжас.
Ямартчу мостаг1аша и ирча зулам диначу дийнахь моьттура, ерриге а Нохчийчоь юха а бодано хьошур ю. Делахь а, доза доцуш хиллера Хастам хиларо Аллах1-Дала нохчийн къомах
бина комаьрша къинхетам. Шен турпалчу ден карара йоьжна г1азотан байракх кхин а лакха
хьалаойъуш, г1аьттира Ахьмад-Хьаьжин к1ант Рамзан. Рамзанах схьадаьлла беркат ду х1ора
шарахь 25-чу апрелехь Нохчийн меттан де къомо даздеш, билгалдаккхар. Шен мотт, мохк, къам
дезар ду иза. Ненан меттан бух боцу маь1на довзар а ду. Нохчийн меттан сий-пусар дар а ду.
Нохчийн махкахь вахалур вац, нохчийн маттах къаьстина. Хене-м вериг хир ву, сутарчу сино
дуьненан даьхнина т1аьхьаидош. Ткъа иза вахар ма дац, дуьнен чохь хан яккхар ду. Нохчийн
мотт хууш ву иза, олу вайнаха, къонахчун лаккхара мах хадош. Доза доцу адамалла, комаьршалла стагехь ю бохург ду иза. Нохчийн мотт хууш волу стаг цкъа а вухур вац г1иллакхах,
оьздангаллех, собарх. Дахаран къилба Нохчолла хир ю цуьнан. Маьршачу синан х1айкал
Даймохк хир бу. Нохчийн матто доьналлех вузу къонах. Дуьне духуш а, юхур йоцчу йохьах
а вузу. Нохчийн маттахь хьаьстина хьо дуьххьара нанас. Цу маттахь кхетош-кхиоран къамел
дас дина. Нохчийн маттахь кхойкху хьо, бохамо 1овжийча, вай кхоьллинчу Веза-Воккхачу
Деле. Цу маттахь эр ду, бармин генаш лацале, дуьненахь йоккхучу хенахь ахь ала дитинехь,
бевза-безачара хьох олу т1аьххьара дош. Нохчийн г1араваьлла вевзачу цхьана поэта аьлла,
«Со цецволу вина де даздечарех. Со хаъал хилчхьана, суо лен волу де даздан кечлуш ву!».
Нохчийн меттан сий деш хьо ваьхнехь, дуьненахь а, эхартахь а хьан сий хир ду! Хьо винчу ненан маттана пе бетташ хьо ваьхнехь, хьан декъаза СА беркъа хир ду, т1етовжа тешаме г1ортор
а йоцуш. Нохчийн мотт – иза вайн маьрша синош марзонах 1або кхача бу. Нохчийн мотт – иза
гергарлонаш ч1аг1ден болатан з1е ю. Нохчийн мотт – хьайн къоман г1иллакхийн гурашкахь
хьо латто онда г1ирс бу. Нохчийн мотт – вайн дайша азаллера тахнене схьакхачийна экама
ни1мат ду. Тахана вай декхарийлахь ду иза 1алашбан, цуьнан башхачу шатайпаллина г1ароле
х1итта, т1аьхьарчу т1аьхьенна, басах а, чомах а ца талхош, иза д1акховдо. Цунах кхета Дала
хьекъал а, доьналла лойла вайна.
Газиева Аза
Статья 2. Нохчийн Республикин пачхьалкхан меттанаш
1. Нохчийн Республикин пачхьалкхан
меттанаш ду оьрсийн а, нохчийн а меттанаш. Нохчийн а, оьрсийн а меттанийн
пачхьалкхан меттанийн статус хиларо
Нохчийн Республикехь дехачу Россин Федерацин кхечу къаьмнийн шайн меттанех
пайдаэца а, уьш кхио а йолчу бакъонашна
иэшам ца бо.
Гуш ма-хиллара, Россин а, Нохчийн
Республикин а Конституцешца догIуш
хIоттийначу Законо, оьрсийн маттаца
цхьатерра бакъо йолуш, пачхьалкхан мотт
бу аьлла, дIакхайкхош бу нохчийн мотт.
Статья 5. Нохчийн Республикехь меттанаш лардаран, Iаморан, кхиоран программаш.
1. Нохчийн Республикин Правительствос хIиттайо, ткъа Нохчийн Республикин
Парламенто чIагIйо Нохчийн Республикехь
меттанаш лардаран, Iаморан, кхиоран республикин Iалашонан программаш.
2. Меттанаш лардаран, Iаморан, кхиоран республикин Iалашонан программашна оьшу харжаш билгалйоху рогIерчу
шарна Нохчийн Республикин бюджетан
хьокъехь долчу законехь.
МаьIне ду хIокху статьяхь меттанаш
лардаран, Iаморан, кхиоран программаш
оьшуш хиларца цхьаьна, уьш кхочушъярна
оьшу харжаш къасторан некъ а билгалбаккхар.
Халахеташ делахь а, цкъа тахана иштта
программа йоцуш ю. Нохчийн мотт школашкахь, юккъерчу-лерринчу, лаккхарчу
дешаран заведенешкахь Iаморца а, маттах
пайдаэцаран дозанаш шордарца а, мотт
талларан белхашца а, нохчийн маттахь
зорбанца, нохчийн мотт кхиоран декъехь
къахьоьгучу белхахойн сий-ларам айъарца,
меттан кхечу гIуллакхашца а доьзна дуккха
а хIуманаш ду, тIаьхьатетта йиш йоцуш,
къастийна цхьалхадаха дезаш. Оцу декъехь
тIаьхьарчу шерашкахь дукха болх бан а
бина, амма оцу белхан эвсаралла дуккха а
лакхаер яра цхьана Iалашонан программица и болх дIахьош хилча.
Статья 7. Iаморан а, кхетош-кхиоран а
мотт харжа бакъо.
1. Нохчийн Республикин лаьтта тIехь
вехаш волчу Россин Федерацин хIора
гражданинан бакъо ю Iаморан а, кхетошкхиоран а шена луъу мотт харжа.
3. Нохчийн лаьтта тIехь бехачу Россин
Федерацин гражданийн ненан маттахь
деша йолу бакъо кхочушйо оьшшучу барамехь цунна оьшу дешаран учрежденеш,
классаш, тобанаш схьаелларца а, церан
балхана оьшу хьелаш кхолларца а.
ТIаьхьарчу шерашкахь вайн юкъараллехь дукха дуьйцучех а, къуьйсучех а дара
Республикин школашкахь хьехар муьлхачу
маттахь хила деза бохург. Дерриге дуьнено
а къобалдина, тIелаьцнарг, вай тахана къу-
№ 81 (2265) 25 апреля 2014 г.
«Нохчийн Республикехь меттанийн хьокъехь» Нохчийн
Республикин Закон Нохчийн Республикин Парламентан
халкъан Гуламо тIеийцира 2007-чу шеран март беттан 29-чу
дийнахь. Оццу шеран апрель беттан 18-чу дийнахь Закон
къобалдира Парламентан Республикин Кхеташоно. 2007-чу
шеран апрель беттан 25-чу дийнахь, куьг яздеш, «Нохчийн
Республикехь меттанийн хьокъехь» Нохчийн Республикин
Закон чIагIдира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров
Рамзана.
ьйсуш Iахь а, лакхарчу статьян чулацамо
гойту оцу декъехь къийсамаш а битина,
билггал къахьега дезаш хилар, къаьсттина
а, и шайн декхар долчу дешаран органаша.
Статья 9. Законаш официале зорбане
дахаран мотт
Нохчийн Республикин законаш официале зорбане доху нохчийн а, оьрсийн а
меттанашкахь.
ЧIогIа маьIне хета Законан хIара
статья а. Нохчийн Республикин законаш
кечдешшехь нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь кечдаро дика тIеIаткъам бийр
бара политикин-юкъараллин терминологи
кхиарна. Нохчийн меттан говзанчашка
хьашт а кхуллур ду оцу хьоло. Цул сов,
иштта кечдина законаш нохчийн маттахь
дика кхеташ а, оьрсийн маттахь долчаьрца
цхьанийсса ницкъ болуш а хир ду.
Статья 11. Пачхьалкхан органийн,
учрежденийн организацийн балхахь меттанех пайдаэцар
1. Нохчийн Республикин пачхьалкхан
органийн, ерриге а учрежденийн, организацийн балхахь Нохчийн Республикин
лаьтта тIехь пайдаоьцу нохчийн а, оьрсийн
а меттанех, ткъа иштта Россин Федерацин
кхечу къаьмнийн меттанех а.
4. Россин Федерацин граждани йн
бакъо ю пачхьалкхан органашка, учрежденешка, организацешка шайн предложенеш,
дIахьедарш, аьрзнаш Нохчийн Республикан пачхьалкхан меттанашкахь я Россин
Федерацин къаьмнийн муьлххачу а шайна
хуучу маттахь хилийта.
Цкъа тахана дукха кIезиг хаало хIокху
статьян чулацамо лучу бакъонах пачхьалкхан органаша, шаьш бахархоша
пайдаоьцуш меттиг. Хиъча бакъахьа-м ду
вайх хIораннан а пачхьалкхан органашка,
учрежденешка деш долу дIахьедар ненан
маттахь хилийта йиш хилар. Вай оцу бакъонах пайда цаэцар вайна и бакъо цайовзар
ду я нохчийн маттахь яздан цахаар ду.
Статья 12. Официале гIуллакхаш лелорехь меттанех пайдаэцар
1. Нохчийн Республикин лаьтта тIехь
Нохчийн Республикин пачхьалкхан органашкахь, учрежденешкахь, организацешкахь официале гIуллакхаш лелор Нохчийн
Республикин пачхьалкхан меттанашкахь
кхочушдо.
Дахаран тайп-тайпанчу дакъошкахь
гIуллакхан мотт хилла лелаш ца хилча
меттан кхиар ца хуьлу. Вуьшта аьлча, ша
лелоран дозанаш гат мел дели а гIелло
мотт. Цундела чIогIа мехала ю вай дуьйцучу законийн хIара статья. Бакъду. шайн
лаамехь пачхьалкхан органаша, учрежденеша, организацеша пачхьалкхан шина
маттах нохчийн мотт хоржур бу бохучух
теша хала-м ду. Цунна цхьа некъ лаха беза
аьлла хета.
Статья 20. Географически объектийн,
гайтаман йозанийн, некъан билгалонийн
(указателийн) мотт
1. Географически объектийн цIерш
язъяр, гайтаман йозанаш яздар, некъан
билгалонаш кечъяр нохчийн, оьрсийн меттанашкахь а, ткъа оьшуш хилахь Россин
Федерацин къаьмнийн кхечу меттанашкахь
а кхочушдо, меттигерчу бахархойн хьашташ тидаме а оьцуш.
2. Нохчийн Республикехь ларйо историн а, культуран а мехалла йолчу меттигера
ламасталлин цIерш (кIоштийн, яртийн,
урамийн, майданийн, Iаьмнийн, хин, и.кх.
цIерш).
Бакъду, тахана Нохчийчоьнан Дагестанца долчу дозанера ГIалгIайчоьнца дозане кхаччалц а, Шаройн лаьмнашкара волавелла Теркан аренашка кхаччалц а некъ
барх, нохчийн маттахь язйина юьртан а,
хин а цIе каро хала-м ду. Законо доьхкуш-м
муххале а доцуш, мелхо и тIедуьллуш хилча, вай и цIерш нохчийн маттахь цаязъяр
кхеттане кхеташ дац.
Нохчийн Республикин «Нохчийн
Республикехь меттанийн хьокъехь» Законан цхьайолу статьяш йовзийти оха.
Меттанийн хьокъехь долу Закон дуьззина
кхочушдаро, шеко йоцуш, дика тIеIаткъам
бийр бу Нохчийн Республикехь нохчийн
мотт, кхидолу меттанаш кхиорна а, лардарна а. Законан бух бац аьлла, тахана цхьа а
новкъарло яц пачхьалкхан органашкахь,
учрежденешкахь гIуллакхан кехаташ
нохчийн маттахь лелорна, юьхьанцарчу
классашкахь хьехар нохчийн маттахь
хилийтарна, хаамийн гIирсашкахь цунах
шуьйра пайдаэцарна, цунна лерина даздарш, олимпиадаш, конкурсаш дIаяхьарна,
яртийн, хин, географин кхин цIерш, гайтаман йозанаш нохчийн маттахь хилийтарна,
иштта кхин гIуллакхаш дарна а.
Тахана цунна вайн лаам оьшу. Республикин Куьйгалхочо, къастам боллуш, шен
дош аьлла, рагI министерствийн ведомствийн, районийн, яртийн администрацийн
куьйгалхошкахь ю. Цара, кхин цкъа а Закон
дика деша а дешна, и кхочушдарехь, шайгара жигаралла гайта еза. Нохчийн меттан
кхане хир ю, делахь-хIета нохчийн къоман
а, нагахь вай массара а Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, куьг яздеш. чIагIдинчу
Законо бохург дуьззина кхочушдахь.
Иштта хиларе сатийсарна дара «Нохчийн Республикехь меттанийн хьокъехь»
Закон газетдешархойн иэсехь карладаккха
лаар а.
Хь.Аболханов
Мотт хьехош хила ца беза, иза
буьйцуш хила беза!
Нохчийн мотт, ма дукха хан ю-кх хьо Кавказан лаьмнашкахь, цул арахьа а, диканехь-вуонехь а, хьайца хила ма-безза
лерам болуш, хьо хезаш яхнарг. Хьан гIоьнца, хьан аьхналлица кхолладелла-кх сан къоман оьзда г1иллакхаш, амалш,
ламасташ. Хьан мукъаман гIоьнца къомо шен Iер-дахар нийсонан, бакъонан низаме далош, кхоьллина-кх Iадаташ а.
Нохчийн мотт, хьан дешнашца кхиъначу кхетамца
кхолладеллачу Iадатийн низамца карийна-кх, бевзинакх сан къомана цхьана хенахь бусалба дине дерза,
къам декъалден беркате некъ а.
Хийла къоме орца ахь аьлла-кх, мостагIехьара
тIебогIучу муьлххачу а кхерамна, самояр, кийча хила
дезар хоуьйтуш. Хийла хьан къома юкъахь дош дашера даьлла, вас хила, хьагI тоьлча, хьан дешнийн
ницкъ тоьъна-кх и хьагI-дов эшош, гергарлонаш тийса, уьш чIагIдан. Ишттачу меттехь хьан сема хиларо
кхоьллина-кх эзар-эзар шерашкахь нохчийн къоман,
майра, доьналла долуш, яхь йолуш, къонахий, хьекъале, лераме къаной, церан сий дан оьзда мехкарий а,
наной а.
Нохчийн мотт, тхуна-м хаьа хьуна, нохчийн къам
кхуллуш, аьлча а къоман синош кхуллуш, Дала хьо
тхуна дина совгIат дуй а. Цундела Далла хастам беш,
Цо дуьненчохь еза лаьрра йолчу НЕНАН цIарах хьан
цIе хуттуш, нана санна, къомо шен сина герга, баьрчче
хьо балош, аьлла-кх хьох цхьана заманчохь къоман
дайша, тхьамданаша дуьххьара НЕНАН МОТТ.
Шо шеро хуьйцуш, зама замано хуьйцуш, къомо
йоIбIаьрг санна ларбеш, шен дахаран коьрта маьIна хьо
дуй а хууш, тIаьхьарчу тIаьхьене хьо ларбар весеташ
а деш, тахана тхан чкъуре кхаьчна-кх хьо, НЕНАН
МОТТ. Хийла кхечу къаьмнийн векалш, дуьненахь а
бевзаш болу Iилманчаш, яздархой, цецбийлина хьан
исбаьхьаллин хазнах, хьоьгахула даккхалучу маь1нин
кIоргаллех. Уьш Кавказе оьхуш а хилла юххера хьо
бовза, хьоьгара шайна пайдаэца, НОХЧИЙН МОТТ.
Царех ву-кха Л.Н Толстой а, П.К.Услар а, А.А. Фет а,
иштта дуккха а кхиберш а.
Халахеташ делахь а, тахана тхан ледарлонна а,
технически гIирсийн тIеIаткъам хиларца а, вуьшта
аьлча, оцу гIирсах нийса пайдаэца цахаарна а, дайн
хьоьца хилла болчу лераме кхочуш, хьан лерам бан,
кIеда аьлча, тхайн ницкъ ца кхочу аьлла, хета суна.
Къомо хьоьгарчу зовкхах марзо кIезиг мел ийци а,
гергарлонийн а, гIиллакхийн а, оьздангаллин а, адамаллин а барам лахлуш бу. Цуьнан шеко яц, янне
а. Оцу билгалонаша а гойту къоман дахарехь матто
муьлха меттиг дIалоцу. ХIетте а, дегIан кхача хьалха
а баьккхина, синкхача якхлуш дIаохьаделла доьлхуш
ду-кх тхо…
Д у к ха ге н а р а а д а ц , т к ъ ол г I ач у б I е ш е р а н
дезткъолгIа шераш… НГIПУ… (ЧИГУ). Цигахь доьшучу студенташна юкъахь гIиллакх тIехь, дешар тIехь
толам юьртара болчу студенташкахь хуьлура. Цара
гIаларчу студенташчул нийса а, цIена а буьйцура шайн
ненан мотт-м, муххале а, ур-аттал – оьрсийниг а. Ткъа
гIалара студенташ, олуш ма-хиллара, «жоьжахатара
хаьштиг а дохьур долуш» чIарх-аьлла бара леларна,
маттана шера а, амма юьртарчара, лакхахь ма-аллара,
царачул мелла а нийса буьйцура оьрсийн мотт а, дика
тIекхуьура кхийолчу предметашна а. ХIун бахьана дара
цуьнан? ГIалара школашкахь дешаран хьелаш юьртахьчул дуккха а гIолехь хилча, муха нисло иштта? Оцу
хаттаршна жоп, соьга хаьттича, каро хала дацара. Коьрта бахьана МЕТТАН лерам бар, цабар. Къинхьегамо
а лоцу йоккха меттиг дIа адам кхетош-кхиорехь. Ткъа
ярташкахь кхуьуш долчу берашна, олуш ма-хиллара,
ворхIара даьлчахьана къинхьегамехь цхьацца гIуллакх
хуьлура дан, къаьсттина, ламанца йолчу ярташкахь.
Ламанца йолчу ярташкахь цIена буьйцура НЕНАН
МОТТ, и мотт цара хьоьстуш санна, хетара къамеле
ладоьгIча. Оццу тIегIан тIехь хуьлура оцу адамийн
гIиллакх а, оьздангалла а, эхь-бехк а. Суна, хIетахь, ламанца долчу Iаламе хьаьжжина хетара церан дахаре болу
хьежам – цIена а, оьзда а. ТIаьхьо, Iилманчашка ладегIча,
церан цхьацца белхаш бевзича, суна оцу адамийн дахаран нийсачу некъо, гIиллакх-оьздангалло, синцIеналло,
хаздеш хилла хийтира Iалам. Ткъа и дерриге адамаллин
хьелаш адаме ларлур дац, оцу адамо шен НЕНАН МОТТ
лара ма-беззара лоруш бацахь, и муьлххачу а кхечу
маттаца иэбеш, бийцахь. Халахеташ делахь а, ши мотт
эбеш, бийцар а, харцо, бакъо иэялар а маьIница гергара
хетало. ХIунда аьлча, цкъа-делахь, ненан меттан пусар
цадар а хуьлу цигахь, шозлагIа – кхечу къоман меттан
лерам цабар а. И ший агIо эхь-бехкана, гIиллакхна,
оьздангаллина хийра а ю, я къоман Iадатца йогIуш-м
янне а яц. И лазар кIаргдала доладелла вайн къомехь
ткъолгIачу бIешеран кхузткъе итталгIачу шерийн
шолгIачу эхенехь дуьйна. ХIаъ, «ширачух бухадисина
бодане Iадаташ» бохуш, зама яра иза. Нохчийн мотт,
предложенехь коьртаза меже санна бен, дахарехь хилча а,
ца хилча а, кхин коьрта меттиг дIалоцуш я маьIне бацара
Iедална гергахь. Делахь а, матта тIехь болх беш нохчийн
меттан Iилманчаш бара вайн цу хенахь. Нохчийн меттан
словарь арахецна, хIоттийнарг А. Мациев волуш, 1961чу шарахь. Амма иза кхачаме ца хетара хIетахь, ледара
хетара, къаьсттина, кхузткъе итталгIий, дезткъолгIий
шерашкахь. Ткъа тахана оцу словарехь гIо-накъосталла
дуккха а сов хета, хIетахьчул. Ожеговн оьрсийн меттан словарь санна, ши-кхо шо мосазза долу, тIехь болх
беш, тоеш, юха-юха арахоьцуш яра бохург дац и. Иза-м,
шовзткъе кхойтта шарахь цкъа тойина, тIеюьзна, юхаарахецна яц. Мелхо а, вай маттана херадовлуш ду, бохург
ду. Эццехь дагадогIу-кх, адам динах дIахьовза доладелча
бахкийтина Дала вайна юкъа эвлаяаш бохуш, дешначу
наха дийцар. Иштта хир ду-кх, меттан Iилманчийн а,
меттан пхьерийн а, верасийн а, декъашхойн а массеран
хила ма-беззара меттан лерам, тергам ца хилча, Iедалан
коьртехь, НЕНАН МЕТТАН СИЙ-ПУСАР ДАН ДЕЗАШ
ХИЛАР ХОУЬЙТУШ, УКАЗ арадалар а.
Карарчу хенахь гIалара бахархой, дукхахберш,
хьалха юьртахь Iийна нах бу. Царна мелла гIолехь бевза
шайн мотт, хьалха дуьйна цигахь Iийначарначул. Амма,
итт-пхийтта шо хьалха а шаьш нийса олуш хилла дош а
ца лаьа-кх тахана нийса ала гIалахь баха хевшинчарна
а, юьртахь бехачарна а, цхьатерра.
Масала,15-20 шо хьалха хIун ю олучохь, хIинца –
хуниг ю, Аюба, Элизас элира долчохь – Аюбо, Элизо
элира, зуда я зудчо кхойкху – зудо кхойкху, иштта дIа
кхин а.
ХIора адаман ша еш йолу ойла шен ненан маттахь
хила еза-кх, къам боху цIе ларъярхьама, ша цу къоман цхьа дакъа хилархьама. Мотт мух-мухха бийца
йиш йолуш бац. Буьйцучу маттехула девза адам а, цу
адаман дика а, вуон а агIонаш. Хьекъал а долуш, дахарехь шортта зеделларг долчу наха атта билгалдоккху
буьйцучу маттехула адаман гIиллакх-оьздангалла, эхьбехк, хьекъал, кхетам. Царех цхьайолу билгалонаш:
– ненан мотт иэбеш бийцар – хIуманан башхо
йоцуш, сонта хилар ду;
– ненан мотт нийса цабийцар – малонча, муьлххачу
хьаналчу къинхьегамах къехкаш, дахарехь гуттар атта
некъ безаш хилар ду;
– шен махкахь а волуш, ненан мотт цабийцар – шен
са сакхте хилар ду;
– ненан мотт бицбар – диканал ямартло, тешнабехк
синна гергахь хилар ду;
– ненан мотт безаш буьйцуш хилар – къоман
чIагIо ю.
Нагахь санна, тIе тидам а бахийтина, оцу билгалонех нийса пайдаэца вай хьовсахь, вайн а бийр бу-кх
Дала аьтто вайна юкъахь нислуш йолу сонта кураллаш
а, цадашарш а, къизаллаш а махкахь цкъа а цахилийта.
Бакъду, меттанаш алсам хууш мел хили а дика ду.
Муьлххачу матте а, къоме а лерам хилар – ийманан
цхьа дакъа ду. Амма шен мотт безар, ларар ийманан
доккхах долу дакъа ду.
Доцца аьлча, ненан мотт, хьехош бита йиш йолуш,
къоман гIирс бац, иза буьйцуш хила беза къам заманца кхиорхьама, цуьнан дика агIонаш совъяхархьама,
цуьнан кхане ирсе, сирла хилийтархьама. И Iалашо
йолуш хила веза къоман декъашхо муьлхха а, миччахь
ша велахь а.
Дала хьекъал, кхетам, ийман лойла-кх вайна НЕНАН МЕТТАН сий-ларам бан а, цуьнца долу беркаташ
довза а, цунах ирс эца а!
Такалашов Султан
25-гIа АПРЕЛЬ – НОХЧИЙН МЕТТАН ДЕ
№ 81 (2265) 25 апреля 2014 г.
Вести республики
Нохчийн поэзи
3
Йист йоцу хIорд санна, бу хьуна шорта
Ша хууш волчунна вайн нохчийн мотт.
(Арсанукаев Шайхи.)
Ловш кхойтта шарахь шен
Къен меттамотт,
И каг ца далийта,
Б1аьстенан малхах
Дог айдеш, нур даьгна
Хьан, ненан мотт.
Ткъа шо хан туххушехь
Каторгехь ваца,
Бакъонза юьртара
Валахь некъ бан,
Воккханиг воьдура,
Луьйзуш к1айн laca,
Мичча а шен бевзаБезараш ган.
Сулейманов Ахьмад
Воккхаве со хьуна хуъчу
Кхечу къаьмнийн меттанех,
Хьайниг бицбеш, Iамо дезна
Уьш хьуна ца моьттинехь.
***
Буто бода болччу меттехь
Латийначу сирнико,
Бода эккхош гина суна,
Серлабоккхуш берриг гуо.
Иштта ду дош! Турпалхочун
Дарже воккхуш, айво цуо.
Шаьлтаночул кIорга чов йо,
Чевнна хьовзабойту муо.
Малхо санна, дашор ду цуо
Башлам тIера шийла луо.
Къонах гIаттош, кIилло вожош,
Долчу дашна меттиг луо!
Бехк боцуш хиллехь а,
Даймахках баьхна,
Мецачу деношна
Яйина чот,
Зиэраша ца кагбеш,
Сибрех нах баьхна,
Ницкъ лун хьост хиларна
Хьо, ненан мотт.
Хьаша т1евоьссинчу
Х1усаме гуллора
Лулахой, кхаъ хуьлий,
Ца 1алуш ц1ахь.
Кхечанхьа хиллариг
Гора уллора,
Геланчин хабаршка
Ладоьг1ча ахь.
ЦIена бу и.
Лермонтовс, Толстойс а
ЛадегIна цуьнга.
Услара даггара
Хестийна и.
Вайн халкъан ойланаш,
Дахар а гIийла –
Далхадеш къийсамна
ГIиттийна цо.
Нохчичун майралла,
Оьздалла хийла
Зевнечу иллешкахь
Екийна цо!
Кхидолчу къаьмнашна
Шайниш а санна,
Нохчашна шайн мотт а
Сов хьоме бу.
Нагахь хьо ца вагIахь
Хьайн халкъацанна,
Хаалахь, декъазниг, –
Хьо цхьалха ву!
Хьекъалан да вара
XIop къано царах
Лардеш сий, яхь меттан,
Г1иллакхаш дайн...
Туьйране ладоьг1уш,
Сахиллалц 1ара
Тхо, бераш, язъяларх
T1e набарш яйн.
Адиз Кусаев
Нохчийн мотт
Сайн ялх бен шо доцуш,
Ваьккхина хьомечу махках,
Сибреха д1авигча,
Дерриг а халкъаца со,
Тань-Шанан лаьмнашкахь,
Мел стешха адамаш сайх къехкарх,
Къайлах а, къулах а
Бийцира, нохчийн мотт, хьо.
Хьо хийла къизачу
Кхолламо зийна,
Мостаг1чо Нохчийчохь
Етташ шен йорт...
Къам делла хиларан
Билгало ю, дийнахь
Цкъа хадахь хьан зевне
Аз, ненан мотт!
Школехь 1амабар
Хьехор а эрначу херехь,
Вайн нохчийн книгашка
Сатийсар хеттачохь г1ан,
Бисмиллий, этхьаггий,
Салаваттий 1амочу хенахь,
Евзира хазалла,
К1оргалла, нохчийн мотт, хьан.
Сел халчу киртигехь
Хьо къомо ларбина хилча,
Хьалхара дош дина,
Дозалла, ирс, меттамотт,
Бакъ нохчи тахана
Муха ша ца xlyттy холча,
Ца хезча чохь-арахь
Зевне аз хьан, нохчийн мотт!
НЕНАН МОТТ
Г1ирг1изойн, казахийн
Махкахь шерш дохуш,
Хиира нохчашна
Цхьааллин мах.
Юьртара юьрта некъ
Бан бакъо йоцуш
Хиллехь а, къар ца
Лора вайн баккхий нах.
Мел хала къам дахарх,
Даьккхина махках,
Ненан мотт
... Хьо безаш волчунна
Пондаран аз ду хьо,
Хьайца уьйр йоцчунна
Гихь беза мохь бу хьо.
Хьо хууш волчунна
ЖовхIарийн хIонс ю хьо,
Хьайца шовкъ йолчунна
Чам тайна стом бу хьо.
Кибиев Мусбек
Меттан сий
Цинцашка декъалой, бердах
Хецало чухчари санна,
Даточу цинцех бу тера
Нохчийн мотт муьлххачух вайна.
Аганахь хийла тхо техкий,
Хьо буьйцуш наноша, дайша.
Заманах чехка чекхбевлла,
Уьш дIатий, дитина вайша!
Ткъесан шед хьох ян ца дезна,
Шаьлтанах баттара баха,
Къонахийн гIиллакхе боьрзу,
Нохчийн мотт – буьйцург вайнаха.
... Суна хьох къахета,
Бийца цахуучо,
Хьайн куьцах бохийна,
Мерза чам талхийча.
Чов хуьлу сан дагна,
Доггах цабезачо,
Шен гIалат дицдина,
Сийсазбеш бийцича.
Хьайн ненан мотт хаахь,
Дозалла ас до хьох,
Даггара и безахь,
Ас хастам бо хьуна.
Цунах ма херлолахь,
ДоттагIа, варийлахь,
Ненан мотт хьайн бацахь,
Байлахь вуй хаалахь!
Мотт цIармат буьйцучух къехкаш,
Лийр бар-кха къонахий тахна,
ШоллагIа лийр бар-кха кхехкаш,
Дог лоцуш, берд эккхаш санна.
НЕНАН МОТТ
Доьзалехь бийцар а
Дастам а хеташ,
Хьо винчу ненан мотт
ДIатесна ахь.
«Сов къен бу дешнашна,
Бац атта кхеташ», –
Бохуш, и сийсазбан
Ца хета эхь.
ЛадогIал цкъа соьга,
«Хьекъале корта»,
ЛадогIал, яккхий дIа
Лергара потт:
Йист йоцу хIорд санна,
Бу хьуна шорта
Ша хууш волчунна
Вайн нохчийн мотт.
ГIиллакхе, оьзда бу,
ДоттагIче буьйцуш,
МостагIче вистхуьлуш –
Ду ира герз,
Хьомечу езаре
Безам ахь буьйцуш –
Бека и шех хуьлий
Хьан деган мерз!
Мерза бу, моз санна,
Ша безачунна,
Ламанан шовданал
Хийла цIий Iенийна дайша,
Цхьамза тIехь накха а сецош,
Хьан, сан сий, нохчи, ца дайа,
Бахна уьш Iожалло эцна.
Туьран чов йирзина олу,
Меттан чов йоьрзур яц цкъа а! –
ГIиллакхан новкъа бер долу,
Нохчийн мотт буьйцуш ша даккхахь.
Дахаран гIиллакхийн кхерчахь,
Оьзда дош олучу меттехь,
ГIиллакхан собарца керча,
Нохчийн мотт, кхеттарг хьох кхеттехь.
Нохчийн мотт, хьан дош а олуш,
Хийла тур баттара даьккхи,
Мурдаша – дашца дош кхолуш! –
Маршонан паргIато яккха.
И куьзга ду хьуна, эшахь,
Нохчийн мотт – буьйцург вайнаха:
Лом гIотту хьо буьйцуш – теша! –
Куьзганахь, кийрахь, вайдаха!
Буьрса тIом кхехкабо дашо,
Ткъесан хIоз туьрах бо тIаккха,
Дато а, дашо варкъ дашо,
Нохчийн мотт бийца ахь баккхахь.
Хуьлура, наб сана, ховха.
ДаI сана, хуьлура хьо.
Сан лазам, сан дегайовхо,
Сан иэшам, сан туолам – хьо.
Хийла къам дехачу меттехь
Буьйцучохь юкъара мотт,
Сан дагна хьо хийра хеттехь,
Бицбелла хир бара хьо.
Кхин стаг ца хилча хьо бийца,
Ас сайца къамелаш деш,
Хийлазза хьан марзо ийца.
Дела ву оцунна теш.
ХIетахь дуьйна вайн литературехь хаалуш
доцу, довш лаьтта дешнаш гулдан а волавелира
со. Оцу дешнийн гуларх цхьа башха жовхIарийн
кочар хилира, цхьа шатайпа мукъам бека болабелира.. Ткъе итт шарахь сов бинчу балхах
кхоллаелира «Дош» боху книга. Иза 2005-чуй,
2009-чуй шерашкахь зорбанера араяьлла.
ХIинца а цу тIехь шоръеш-тоеш болх беш а ву
со. Аьтто балахь, хIинцачул кхин а 3000 сов дош
юккъехь долуш, и арахеца дагахь ду вай.
Яшуркаев Султан
Схьаболахьа, нохчийн мотт, улле охьахаахьа,
Хазийтахьа дагна хьайн дешнийн
мукъам,
Ца воллу со, илли ала гIерташ, садаа
хьан,
Ненан мотт хезча, долу-кха самукъа.
Дукха хан ю херделла вайша, ахь со
ца вуьйцуш,
Ас хьо ца буьйцуш, цIеххьана къарвелча санна,
Даго маса сардам буллу, хезачунна
луьйца,
Со хьох ваьккхинчарна, хьо сох баьккхинчарна!
Ца воллу, хIара аьлла, хьоьга хIумма
а деха а,
КIадвелла тоххарехь байташна дешнаш
леха а,
Иштта, парггIат, цкъа хьуна улле охьа
а хиъна,
Дагалаца лаьар-кха хилар суо, хьан
накха биъна.
Адам муьлхачу къомах схьадаьлла, бохучу
хаттарна жоп луш берг, уггаре а хьалха, оцу
адамо буьйцуш болу, мотт бу. Аматаш цхьабосса
хилча а, амалш а, гIиллакхаш а цхьатерра хилча
а, цхьана пачхьалкхехь дехаш хилча а, мотт
цхьаъ бацахь, оцу адамех цхьа къам ца хуьлу.
Кху доккхачу дуьненчохь дехачу къаьмнашна, ша хIара дуьне долочу хенахь, Дала эзарнаш
меттанаш делла. Царна юккъехь нохчашна
кхаьчнарг, суна хетарехь, угаре а хаза а, исбаьхьа
а, чулацаме а, хьал долуш а бу. Вайн маттахь
алалур доцуш хIума а, гайталур доцуш сурт а,
дасталур доцуш маьIна а дац. ХIора адаман кху
чолхечу дахарехь хила тарло: дог-ойла, синхаам,
синхьийзам, дегалазам, дегайовхо, дегаIийжам,
хазахетар, халахетар, доккхадер – и дерриге а
шатайпанчу басаршца, чемашца гайта таро ло
вайна вешан сийлахьчу матто. Иштта башха сурт
хIоттош гуонахара Iалам а, адамийн юкъметтигаш а гайта аьтто боккху вайн матто.
Вешан мотт шир ца болуьйтуш, денбеш,
кхио лууш, вай делахь, уггаре а хьалха дан
дезарг билгалдаккха а лаьа кхузахь:
– хьехархой кечбечу лакхарчу а, юккъерчу
а дешаран заведенешкахь нохчийн меттан хьехархой кечбар алсамдаккха деза;
– хIора шарахь кхо бIе сов говзанча школашка балха воьдуш хила веза;
– нохчийн мотт-йоза Iамо лууш болу кегийрхой, конкурс а йоцуш, цхьана а кепара дуьхьало
а йоцуш деша дIаоьцуш хила беза;
– оцу студенташна хIора баттахь алссам
стипенди хIотто деза;
– ярташкахь болх бан луучарна чохь Iан
хIусамаш хилийта еза;
– ягоригца а, электроэнергица а маьхза кхачоян а еза царна, нохчийн меттан хьехархочун
болх цара бечу ханна;
– царна луш йолу ял а кхечу хьехархошначул
мелла а алсам хила а еза;
– нагахь и болх цара битахь, и гIоленаш
дIаяха а еза;
– цIенна нохчийн маттахь болх беш телерадиокомпани а кхолла еза;
– нохчийн маттахь яздечу яздархойн, журналистийн, нохчийн театран артистийн, кхоллараллин белхахойн бинчу балхана луш йолу ял
кхечарначул дикка алсам хила еза.
Иштта хила дезий техьа боху ойла кхоллало,
ткъе итт шо хьалха хиллачу хьоле ладоьгIча.
ХIетахь вайн университетан къоман отделенехь
хIора шарахь деша тIеоьцура 100 сов студент.
Уьш нохчийн мотт а, литература а, оьрсийн мотт
а , литература а хьеха кечлуш хуьлура. ХIетте а ца
тоьара и хьехархой. Ткъа тахана вайн вузашкахь
дуккхаъ а кIезиг кечбо цу тайпана говзанчаш.
Вайн дайша эзарнаш шерашкахула биц ца
беш схьабеана вайга схьакховдийна болу мотт,
экаме хIума санна ларбеш, вешан тIаьхьенашка
дIабала безаш ду вай.
И нийят вайга кхочушдалур ду, аьлла
хета. Иштта дегайовхо кхуллу вайн матте
болу лерам совбоккхуш, цуьнан сийдеш, иза
лакхабоккхуш схьавогIуш вайн республикин
Куьйгалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин кIант
Рамзан хиларо. Шен нана а, ненан мотт а, Даймохк а муха лара беза гойтуш, вайна массарна
а къеггина масал хилла схьавогIу иза. Дала сий
дойла цуьнан!
Цуьнан тешаме накъостий а хилла, вешан
мехкан а, халкъан а, меттан а дола деш, къахьега
деза вай массара а.
Цу тIехь Дала аьтто бойла вайн!
ИСМАИЛОВ Абу
Исмаилов Абун «ДОШ» книги тIера:
абаде (вечность без конца) — азалла (вечность без начала)
аьрга (недозрелый) – хилла (спелый)
бакъдерг (истина) – харцдерг (ложь)
вай (мы) – уьш (они)
гамо (вражда) – безам (любовь)
гIаттар (подъем) – Iиллар (лежание)
дан (теряться) – каро (находить)
екхна (ясно) – кхоьлина (пасмурно)
жима (молодой) – воккха (старый)
Мотт хууш доцчу вай вешан,
Лелачу гIиллакхах доьхна,
Лийр вар-кха къонах ца вешаш,
Дог эккхаш, дагах катоьхна.
Меттан сий, вайн сий ца дайа,
ТIеман лар юьлуьйтуш хица,
Дитна сий дайша, дедайша,
ХIай, нохчи, доькъуш дерг хIинца.
ГIа-патаро шабарш дора.
ДIаихначу шерийн лар
Суна вайн тархаш тIехь гора,
Озийча набаран тар.
Сай, бодий санна маьIница а, йозанца а вовшех къаьсташ хилла ца
Iаш, вовшашна нийсса дуьхь-дуьхьал
долуш дешнаш ду массо а меттанашкахь. Нохчийн маттахь а карадо уьш.
Лингвисташа оцу дешнех – антонимаш
олу. Уьш даима а шишша цхьаьна лела.
Масала: дика – вуон; ира – аьрта; гена
– герга и.дI. кх. а.
Къамелан исбаьхьалла а, кIоргалла къагайо
цара. Х1ора элпан ц1арах цхьацца бIостане
маьIна долу, дуьхь-дуьхьал лаьтташ долу дешнаш ду хIорш:
Назманчас назманаш олуш –
Пайхамар, асхьабаш базбеш,
Нохчийн мотт, синхаам болу
ТIемашка, хьо матто хазбой.
Арсанукаев Шайхи
1957-чу шарахь шолгIачу классехь доьшуш волчу суна карадеара, «Къинхьегаман
байракх» аьлла долу, нохчийн маттахь зорбатоьхна газет. Оьрсийн маттахь деша а, яздан
а хууш волчу суна инзаре хийтира и сурт.
Нохчийн мотт барта бийцина ца Iаш, кехата
тIе дIаязбан а, юха и йоза деша а йиш йолуш
хиларо цецваьккхинера со цу беран хенахь.
Юх-юха доьшура ас и газет. Цул тIаьхьа
Музаев Нурдин «Селима дуьйцу» цIе йолу
книга а кхечира соьга.
Иштта девзира суна дуьххьара нохчийн
меттан йоза-дешар. Казахстанера цIадаьхкинчул
тIаьхьа. нохчийн шира дийцарш, туьйранаш, иллеш доьшуш, назманашка ладоьгIуш,
диканехь-вуонехь баккхийчара далочу кицанашка ладоьгIуш, евзира суна вайн меттан хазалла
а, исбаьхьалла а .
Суна дагадогIу, 46 шо хьалха эскарехь
гIуллакхдан ваханчу хенахь айса лелийнарг.
Германехь со волчу тIеман декъехь со цхьаъ
бен нохчо вацара. Нохчийн маттахь вистхила
а, къамел дан а стаг цахиларна, мукъачу хенахь
ара а волий, ас айса сайца къамелаш дора. ЦIа
яздеш долу кехат нохчийн маттахь бен ца яздора.
ЦIерачаьрга а доьхура, дуьхьала язден кехат
нохчийн маттахь яздахьара, олий.
ЦIавогIуш Москвахь Внуково аэропортехь
буьйса токхуш Iара со, Iуьйранна кема хир ду, аьлла. Зала чухула волавелла лелаш, цхьана сонехь
шайн галеш а, тIоьрмигаш а гулдина, къамелаш
деш Iаш нохчийн божарийн а, зударийн а цхьа
жима тоба гира суна. Царна юххе а таьIна, цхьана
хазачу эшаре санна цара буьйцучу ненан матте
ладоьгIуш, гIадвахна лаьттара со.
ТIаьххьара а церан буьйса дика а йина,
вистхилира со, уьш цIера мичахьара бу, аьлла
хаа лууш. ..
И зама дагалоьцуш яздинера нохчийн маттах
лаьцна долу хIара могIанаш:
Хьох лаьцна суна а дуьйцуш,
Башломах лиэшара хиш.
Зарзарша вовшашка буьйцуш,
Хьо хестош, лоькхура йиш.
БIостанехьа
Саьхьарчу иллешкахь бекна,
Нохчийн мотт – маршонах ала! –
Дахарца Iожалла екъна
Нохчийн мотт сий дарца кхала!
Нохчи вуй хаийтар
Кхераме хиллачу хенахь,
Хьо бийцар зуламца
Дуьстинчохь харц 1едало,
Дас элпаш яздина,
Г1ирг1изойн аренийн генахь,
Дешдакъойн з1енаш еш,
1амийра, нохчийн мотт, хьо.
Хьо бийцар дихкича,
Дерриг къам акхаро хетош,
Емалбеш, цхьанххьа а
Хазийта ца магош аз,
Хьехархо хиллачу
Дас дешнийн маь1нех а кхетош,
Хьо 1амор сайн декхар
Лерина, нохчийн мотт, ас.
Саидов Билал
Хьайн хазнех кхиъначун
Вахарехь ирс ду хьо,
Хьайх хераваьллачун
ДIатесна некъ бу хьо.
Ойла хьайца ечун
Бух боцу хIорд бу хьо,
Кхин толош волчунна
Совбаьлла гIирс бу хьо.
Хьо ца безаш волчо
Шен нана лорур яц,
Ненан сий цадечо
Мехкан сий лардийр дац.
Ненан мотт цахаар
Шен кхерч цаларар ду,
Кхерчан да цахилар
Маьттаза вахар ду.
Хьо хаза бийцарца
Тхо 1амадора,
Ненан мотт, сий-ларам
Хьан даим бан.
Хьан дешнех Даймехкан
Сурт х1оттадора,
Генахь шел исбаьхьа
Доцуш кхин ган.
Цу денош тlepa схьа
Дог дуьйлуш т1ома,
Ларъеш хьан ц1еналла,
Ас хестабо
Ша саннарг кхин доцчу
Сайн нохчийн къоман
Дала йиш йоцу са, –
Ненан мотт, хьо.
ЖовхIарийн кочар
БIешераш хийла дIа
Ихна, и бекаш,
Хьацарлахь, къийсамехь
Кхиъна и бу,
Кхоьллинчу халкъана
Сов хьанал бецаш
Даима ша хилла
Нохчийн мотт бу.
забарина (шутя) – баккъал (всерьез)
ира (острый) – аьрта (тупой)
каде (ловко) – партал (неуклюже)
къа (грех) – мела (благодеяния)
кIайн (белое) – Iаьржа (черное)
лаца (поймать) – хеца (отпустить)
майра (храбрый) – стешха (трусливый)
нийса (прямой) – гома (кривой)
оза (тощая) – ерстина (жирная)
пайде (выгода) – хIайда (убыток)
раз (вкривь) – пурх (вкось)
са (свет) – бода (тьма)
таба (притаиться) – гIатта (подняться)
улле (близко, рядом) – гена (далеко)
хаза (красивый) – ирча (уродливый)
хьабдан (закрыть глаза) – делла (открыть)
хIан-хIа (нет) – хIаъ (да)
цабезам (антипатия) – безам (любовь)
чаьмза (невкусный) – чомехь (вкусный)
чIаплам (плоскогорье) – атагIи (низина)
шайтIа (сатана) – малик (ангел)
эвхьаза (развязно) – оьзда (прилично)
юза (наполнить) – яссо (опорожнить)
яйъа (терять) – каро (находить)
Iа (зима) – аьхке (лето)
4
Вести республики
Тахана Нохчийчохь дезде ду – Нохчийн меттан де. Тайп-тайпана хуьлу деза
денош: хьехархойн, лоьрийн, геологийн,
студентийн, прокурорийн, баккхийчу
нехан, берийн, иштта кхин а, кхин а.
Хьенан дезде ду Нохчийн меттан де?
И хьан а, сан а, вайн массеран а дезде
ду: хIинцца аганара гIаьттинчу беран
а, бIешаре ваьллачу къаночун а, артистан а, латталелорхочун а, министран
а, могIарерчу белхахочун а, жаIуьнан
а, яздархочун а – ша нохчи хеташ, нохчийн мотт буьйцуш волчу xlopa стеган
а, дуьненан муьлххачу маьIехь и вехаш
хиларх башха а доцуш. Дерриге а къоман юкъара хазна, къам къам хиларан
коьртачу билгалонех цхьаъ ю нохчийн
мотт. Шен бийца мотт боцуш къам хуьлийла дац. Къийса йиш йоцуш, дахаран
бакъдерг ду иза. Шайн мотт ларцабарна
дуьненара дIадевлла дукха къаьмнаш
ду. Цундела мотт ларбар, къоман коьрта хьашт ду. Цундела веза а, сийлахь а
ву къоман мотт ларбарехь, баржорехь,
марзбарехь, Iаморехь кIезиг-дукха дакъа
мел дерг. Тахана оцу сийлаллин дакъа
Бекалахь, ненан мотт, тахна,
Хьайн халкъан маьрша мохк хестош,
Хьо хьоьстуш кхиочу нанна –
Даймахкана кхайкхабеш хастам.
(Абузар Айдамиров)
Нохчийн мотт –
сан коьрта илли
Дийца-м дуккха а дуьйцу…
Къаьсттина, хIокху деношкахь…
Ша-ша соввала а гIерташ… Дийц а р ш к х ач и й ч а , м о т т ц х ь а л х а
буьсу: верасаш дукха болу буобер
санна, безачо бен, тергал а ца беш.
Нагахь санна хьалха иза «сов къен
бу дешнашна, бац атта кхеташ»
бахарца сийсазбинехь а, тахана оцу
декъазчара шеконе доккхург нохчийн мотт оьшуш хилар ду. «Оьшу»
боху ч у д е ш а н ма ь I н и н ю к ъ а р а
«беза» боху кхетам дIабаьккхича,
хуьлуш ду и.
Хаьржинчу балхаца лелош ца хилча,
оьший техьа нохчийн мотт, боху цара?
Тахана дуьххьара хезаш а дац и. Вайна
дуьхьалберш ваьш тешна хиллачунна
цхьана юкъана тIетовш, Iехаделира
вай. Юьхьанцарчу классашкахь хьехар
нохчийн матте даккха цхьацца кечамаш
а бира: дошамаш хIиттош, книгаш язъеш я йолуш ерш нохчийн матте гочъеш.
Амма вайна хьалхара кхин сацам а
бина, юкъахдисна лаьтташ ду нохчийн
меттан гIуллакх. Иза пачхьалкхан мотт
кхайкхийнехь а, цуьнгахь гIора хилар
хаалуш дац. Ненан мотт ца хиъча а,
дегIан хьашташ кхочушдало, дукхах
болчарна и кхачаме а ду. Цундела ницкъ
ца кхочу и сацам бинчарна хамталла ян.
Ткъа дегIан хьаштел а хьалха оцу маттах
ийна синхьашташ дерш дукха бац, царна къаьсттина лазаме а ду ненан матте
хIоьттина хьал.
Меттан Iилма а дешна, нохчийн
меттан гIоьнца сискал йоккхуш берш-м
хьала-охьа а оцу маттана бина нах
бара. Амма дешнарг кхин Iилма а долуш, нохчийн маттана шаьш ца кхоош
берш а, ненан маттана хьанал нах хета
суна. Кест-кеста айса хьахош болу, айса
санна, физико-математически дешар
дешна сайна бевза нах бу ас буьйцурш,
масала, Iилманчаш: Дадашев Райком,
Вагапов Iарби, Умархаджиев Салавди,
журналист Гайтукаев Асланбек. Вайн
маттана уьш тешаме бисна хилар хаьа,
нохчийн маттаца бала а болуш, вайн
зорбанехь дерг тергалдеш мел волчунна. Оцу тешамца нохчийн маттана
юьхькIам лоьхуш, цара токхуш дерг
къоман сийлахь декхар ду. Уьш кхета,
нохчийн меттан гIора а, толам а иза
бийцарций, леларций хиларх. Царех а,
уьш санна, кхиболчу а нохчийн меттан
мурдех тешна хиларна, ненан меттан
хиндолчух дегайовхо а ю сан. «Нохчийн
маттахь» цIе йолчу стихотворени тIехь
и гайта а гIоьртина со:
«…Цунах кхета тIаьхьависна
Iийнарг,
Орцахвалий, тхуна юххе вала.
Къилба тило хьийза бода хьаьъча,
Гур ду вайна, некъ вайн нийса
хиллий.
Маьршадохуш даг чу хьийза
кхаьънаш,
Аьр вай тIаккха нохчийн коьрта
илли!»
АХМАТУКАЕВ Адам,
поэт
кхочу апрель беттан 25-гIа де – Нохчийн
меттан де ду аьлла, дIакхайкхийначу
Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна
Кадыров Рамзанна а. «Нохчийн Республикехь меттанийн хьокъехь» Нохчийн Республикин Закон, куьг яздеш,
чIагIдарца а, Нохчийн меттан де кхайкхорца а республикин куьйгалло гайтина
маттаца йолу шен юкъаметтиг – и бийца
беза, ларбан беза, Iамо беза, пачхьалкхан
мотт бина, лело беза. Лакхахь хьахийна
Закон дуьззина кхочушдаро а (и иштта
хирг хиларх теша лаьа), Нохчийн меттан
де дерриге а къоман дезде даро а, цхьа
а шеко йоцуш, доккха маьIна лелор ду
нохчийн меттан кхане хилийтарехь а,
цуьнан сий-ларам айъарехь а.
Тахана, Нохчийн меттан дезачу дийнахь ца хьахо йиш яц оцу маттахь бинчу
хьехамашца Нохчийчохь Исламан серло
яржийначу, цунах маслаIатан мотт бина,
и буьйцуш баьхначу безачу устазийн
цIерш: Сесанара Ташу-Хьаьжа, ИлсханЮьртара Кунта-Хьаьжа, Зандакъара
Пеза-Хьаьжа, Шелара Соип-Молла,
Хошка лдера Юсуп-Хьаьжа, Га лнера Дени-Шайх, МартантIера СолсаХьаьжа, Девкар-Эвлара Докка-Шайх,
Элах-Молла, Iусман-Хьаьжа, дуккха а
кхиберш.
Диканехь-вуонехь даима а ха лкъа юкъахь болчу Iеламнаха, шаьш
маслаIатана буьйцучу маттаца, нохчийн
маттахь бечу хьехамашца доккха маьIна
леладо нохчийн мотт ларбарехь. Ишттачарех ву Нохчийчоьнан Iеламнехан
кхеташонан коьртехь волу Кадыров
Хожа-Ахьмад-Хьаьжа, Нохчийчоьнан
муфти Мирзаев Султан, Iеламнах Шахидов Адам, Тевсиев БайIела, Хабзиев
Iаьрби, Куруев Валид, Межидов Салахь,
Хирахматов Хьамзат, иштта кхиберш.
Меттан хьал деборна, и ларбарна, йозанан мотт кхиорна юкъа уггаре а йоккха
хазна юьллучарех бу нохчийн яздархой.
ву вайн школашкахь хьанал къахьоьгуш.
Та х а н а у г г а р е а х ь а л х а ш а й г а
декъалдаран дош ала догIурш бу уьш.
Дукха бу царна юкъахь шаьш-шайна
ца кхоош, дешархошна мотт Iамош,
марзбеш къахьоьгурш: Эльдаров
IабдулкъахIир (Гуьмсан район, Ойсхарара №2 йолу школа), Вагапова Асет
(Соьлжа-ГIалара коррекционни школа), Исраилов Iабдул-Хьамид (Шела
р а й о н , Б е л г I ато й - Э вл а р а ю к к ъ е р а
школа), Товдарханова Маьлхаьзни
(Нажи-Юьртара №8 йолу гимнази),
Баркаллица дагалаца хьакъ ду тахана
нохчийн исбаьхьаллин литературин
юьхь йолош къахьегна Нажаев Ахьмад
Дудаев Iабди, Сальмурзаев Мохьмад,
Айсханов Шамсудди, Бадуев СаьIид,
Мамакаев Мохьмад, Мамакаев Iаьрби,
Ошаев Халид, Арсанов СаьIидбей,
Музаев Нурдин, литература кхиорехь
кхидIа къахьегна Гадаев МохьмадСелахь, Эдилов Хасмохьмад, Сулаев
Мохьмад, Ахматова Раиса, Муталибов Зайнди, Хамидов Iабдулхьамид,
Айдамиров Абузар, Мусаев Мохьмад,
Гайсултанов Iумар, Окуев Шима, Арсанукаев Шайхи, Дикаев Мохьмад,
Кибиев Мусбек, Гацаев СаьIид, кхин а,
кхин а. Нохчийн меттан денца доьзна
декъалдаран дош шайга кхачо хьакъ
бу вайн заманан яздархой: Берсанов
Хожа-Ахьмад, Хасбулатов Ямлихан,
Рашидов ШахIид, Махмаев Жамалди,
Супаев Руслан, Абдулаев Леча, Шайхи-
Элиханова Дуиза (ТIехьа-Мартан район, СемаIашкара №2 йолу школа), Альтемиров Iарби (Хьалха-Мартан район,
ГихтIара №4 иолу школа), Идигова
Лиза (Грозненски район, Йоккхачу
Aтaгlapa №I йолу ишкол), Ибрагимова
Забунат (Шелковскера №2 йолу школа), Хачуева Киса (Соьлжа-ГIалара
№48 йолу школа), Батукаева Заидат
(Итум-Кхаьллара юккъера школа).
Мел лиъча а, тхо ларор дац массеран а цIерш яха. Оха даггара декъалбо
нохчийн меттан берриге а хьехархой
Нохчийн меттан денца.
ГIиллакхна оха тIаьхьатеттинехь
а, хIокху дийнахь вай бицбан йиш
йоцучарех бу нохчийн маттахь яздеш
а, телерадиопередачаш еш а болу
журналисташ. Нохчийн журналистикехь дика евза Магомаев Салавдин,
Кагерманов Доккин, Магомаев Лечин,
Дадаев Сайд-Хьасанан, Барзанукаев
ИЗВЕЩЕНИЕ
О НАЧАЛЕ ВЫПУСКА УНИВЕРСАЛЬНЫХ ЭЛЕКТРОННЫХ КАРТ ПО ЗАЯВЛЕНИЯМ ГРАЖДАН
1. В соответствии с Федеральным законом от 27.07.2010 № 210-ФЗ «Об организации предоставления государственных
и муниципальных услуг» на территории
Чеченской Республики производится
прием заявлений граждан Российской
Федерации, зарегистрированных на территории Чеченской Республики, о выдаче
универсальной электронной карты (далее
- Заявление).
Ахьмадан, Сумбулатов Денин, Газиева
Азин, Духаев Адаман, Умхаев Хьамзатан, Бурчаев Хьаьлиман, Арсанукаев
Мусан, Саралиева Табаркан, Эльдерханова Зайнапан, Давлетбаев Элиханан,
Селимов Рамзанан, телерадиожурналистийн –Кусаев Iадизан, Эльмурзаева
Розин, Баширов Сайд-Мохьмадан, Тухашев Хьамзатан, Гайтукаев Ахьмадан,
Алдамова Заретан, Исакова Маккин,
Арсаева Шайманан, Исраилова Яхин,
Умарова Лизин, Муталаева Маликин,
Махмаева Маликин, дуккха а кхечеран
цIерш. «Орга», «СтелаIад» журналаша
а, «Даймохк» газето а мехала хазна юьллу нохчийн мотт ларбарна юкъа. Оха
даггара декъалбо оцу изданийн берриге
а белхахой, нохчийн маттахь яздеш
болу берриге а журналисташ Нохчийн
меттан денца. Нохчийн мотт баржорехь,
марзбарехь маьIне бу Нохчийн театран
актераша, иллиалархоша, эшаршлакхархоша беш болу болх. Оцу декъехь
уггаре а хьалха цIерш яха хьакъ бу
актераш: Дудаев Муса, Давлетмирзаев
IабдулмутIелип, Омаев Дагун, Гичаева
Раиса, Джамаев Iимран, Азаев Хьамид,
иллиалархой Дагаев Валид, Усманов
Iимран, Межидов Сахьаб, Эльмурзаев
Бека, йишлакхархой: Межиева Макка,
Дадашева Тамара, Кагерманова Раиса,
Ташаева Марем, дуккха а кхиберш.
Нохчийн литература йовзийтарехь,
делахь хIета, нохчийн меттан исбаьхьаллин дош довзийтарехь боккха болх
бо библиотекаша. Къаьсттина билгалъяккха догIу Нохчийн Республикин къоман библиотека, Республикин берийн
библиотека, Соьлжа-ГIалин коьрта
библиотека.
Шайн белхан говзаллица а, дахаран
некъаца а нохчийн матт аца доьзна
хIума а доцуш, амма цуьнан хиндолчух доглозуш, шайн ницкъ мел бу
цунна орцахбуьйлуш нах хаало. Царах
ву физикин-математикин Iилманийн
доктор Дадашев Райком, ветеринарин
Iилманийн кандидат Дикаев Бексолта,
лоьраш – Берсанов Руслан, Муцалов
Якъуб, технически Iилманийн доктор
Курумов Джамалди, историн Iилманийн
кандидат Магамадов Супьян, дуккха а
кхиберш. Дела реза хуьлда царна!
Оха юьххьехь билгал ма-даккхара,
Нохчийн меттан де вайн массеран а
юкъара дезде ду. Оцу ойланехь вай
хилахь, и де билгалдоккхур ду xlopa
юьртахь, кIоштахь, xlopa доьзалехь.
Оцу ойланехь вай хилахь, вайх xlopa
а, шен ницкъе, тароне хьаьжжина, сема
хир ву цуьнан хьашташна, вай сийпусар дийр ду и ларбарехь, баржорехь,
Iаморехь дакъа мел долчун. ТIаккха
иза бехар бу, вайн къоман барт, маршо
ларъеш, нохчийн къам хиларан бIаьрла
билгало хилла.
ХАКИМОВ Адам
Адрес учредителя: 364060, ЧР, г. Грозный, бульвар Дудаева
Наш адрес: 364051, г. Грозный, ул. Маяковского, 92
Телефоны: приемная: (8712) 22-45-44; бухгалтерия: тел./факс
(8712) 22-45-43
E-mail: [email protected]
№ 81 (2265) 25 апреля 2014 г.
ОБЪЯВЛЕНИЯ
ев Iалвади, Бексултанов Муса, Нунуев
Сайд-Хьамзат, Дакаев СаьIидбек, Ахмадов Муса, Юсупов Iусман, Исмаилов
Абу, Цуруев Шарип, дуккха а кхиберш.
Х I о к ху д е з ач у д и й н а х ь д а г а л а ца хьакъ ду нохчийн мотт толлуш,
фольклор гулъеш, нохчийн меттан,
л и т е р ат у р и н у ч е б н и ка ш х I и т т о ш ,
къахьегна Iилманчаш: Мациев Ахьмад, Эльмурзаев Сиражди, Арсаханов
Исрапил, Дешериев Юнус, Вагапов
Якъуб, Эсхаджиев Якъуб, Чентиева
Марем, Бибулатов Нурди, Карасаев
Айсаш, Солтаханов Эльбек, Вагапова
Тамара. Тахана а мотт, литература
талларан хьаьрмахь беркате къахьоьгуш бу: Чокаев Кати, Джамалханов
Зайнди, Алироев ИбрахIим, Туркаев
Хьасан, Тимаев Ваха, Хамидова Зулай,
Навразова Хьава, Халидов Муса, Овхадов Муса, Вагапов Iаьрби, Джамбеков
ШаIрани, Арсанукаев Iабдулла, Сулейбанова Маржан... Дела резахуьлда оцу
декъехь къа мел хьоьгучу Iилманчина,
меттан говзанчина.
I600 сов нохчийн меттан хьехархо
Нохчийн меттан кхане
хилийтарехьа
Учредитель: Министерство Чеченской Республики
по национальной политике, внешним связям, печати и
информации
Главный редактор: И.А. Исмаилов
25-гIа АПРЕЛЬ – НОХЧИЙН МЕТТАН ДЕ
2. Подача Заявления осуществляется
в пунктах приема заявлений и выдачи
универсальных электронных карт (далее
– ППВ) гражданином либо его законным
представителем.
Гражданин имеет право обратиться с
Заявлением или с целью получения готовой
универсальной электронной карты (далее
– УЭК) в любой из ППВ по следующему
Перечню:
– г. Грозный, ул. С.Ш. Лорсанова, 6
– г. Гудермес, ул. Кавказская, д.52 «А»
– с. Знаменское, ул.А.А. Кадырова, 5
– г. Грозный, ул. Бульвар Дудаева, д. 13
– г. Грозный, ул. Заветы Ильича, д.181
– г. Урус-Мартан, ул. Каланчакская, б/н
3. Заявитель при обращении с заявлением о выдаче УЭК в ППВ предъявляет
документ удостоверяющий личность, ИНН,
СНИЛС, медицинский страховой полис.
Уполномоченный представитель заявителя
предъявляет дополнительно документ, подтверждающий полномочия представителя,
оформленный в порядке, установленном
законодательством Российской Федерации.
4. Одновременно с подачей заявления
гражданином осуществляется выбор банка,
обеспечивающего предоставление услуг в
рамках электронного банковского приложения, и заполняется комплект документов на
открытие банковского счета.
5. ППВ обеспечивает фотографирование
заявителя.
6. Выдача УЭК осуществляется в ППВ,
указанном в Заявлении.
7. По факту выпуска УЭК заявителю в
соответствии с указанной им в Заявлении
контактной информацией сообщается о возможности получения готовой УЭК.
8. Перечень Банков – эмитентов электронного банковского приложения УЭК на
момент публикации настоящего Извещения:
– ОАО «МИнБ»
– ОАО «Сбербанк России».
Министр транспорта и связи ЧР
ЧЕРХИГОВ Р. С-Э.
Государственное казенное специализированное
учреждение «Фонд имущества Чеченской
Республики» сообщает:
10 июня 2014г. в 11.00 час. состоится открытый аукцион по продаже
государственного имущества, находящегося в собственности Чеченской
Республики.
Организатор торгов – ГКСУ «Фонд
имущества Чеченской Республики»,
расположенное по адресу: г. Грозный,
ул. Жуковского, 16а, тел.: 8(8712)33-3549, адрес сайта: www.fond95.ru, адрес
электронной почты: [email protected]
Аукцион проводится в соответствии с
распоряжениями министерства имущественных и земельных отношений
Чеченской Республики от 22.04.2014г.
№623-МА, №624-МА.
Лот-1: нежилое помещение, общей
площадью 75,0 кв.м, расположенное по
адресу: ЧР, г. Грозный, Заводской район,
пр. Путина (пр. Победы), 13. Обременение: договор аренды нежилых помещений от 16.02.2012г. №001. Начальная цена
имущества – 1 682 089 (один миллион
шестьсот восемьдесят две тысячи восемьдесят девять) руб. с учетом НДС.
Лот-2: нежилое подвальное помещение, общей площадью 130,0 кв.м, расположенное по адресу: ЧР, г. Грозный, Заводской район, пр. Путина (пр. Победы),
13. Обременение: договор аренды нежилых помещений от 24.08.2005г. №310 (в
редакции дополнительного соглашения
от 16.03.2007г. №594). Начальная цена
имущества – 987 440 (девятьсот восемьдесят семь тысяч четыреста сорок) руб.
с учетом НДС.
Аукцион проводится с подачей предложений о цене имущества в открытой
форме.
Шаг аукциона – 5% от начальной
цены, сумма задатка - 10 % от начальной
цены.
Победитель оплачивает приобретенное имущество денежными средствами
в течение 10 дней с даты заключения
договора купли-продажи на счет Продавца. Заявки принимаются по адресу
организатора торгов с 25.04.2014 г. по
20.05.2014 г. включительно по рабочим
дням с 9.00 до 18.00 час. Заявки и документы претендентов рассматриваются
организатором торгов 26.05.2014 г. с
09.00 часов. Претендент приобретает
статус участника аукциона с момента
подписания организатором торгов протокола о признании претендентов участниками аукциона.
Задаток вносится единым платежом
на текущий счет организатора торгов л/с
05942000310 в УФК по Чеченской Республике р/с 40302810900002000002 ГРКЦ
НБ Чеченской Республики банка России, БИК 049690001, ИНН 2016078768,
КПП 201601001 и должен поступить не
позднее 20.05.2014 г. В назначении платежа указывается: задаток для участия в
аукционе. Данное сообщение является
публичной офертой для заключения договора о задатке в соответствии со статьей
437 Гражданского кодекса Российской
Федерации, а подача претендентом заявки и перечисление задатка являются акцептом такой оферты, после чего договор
о задатке считается заключенным в письменной форме. Участникам аукциона, не
ставшим победителями аукциона, вне-
сенные задатки возвращаются в течение
5 календарных дней со дня подписания
протокола по результатам аукциона.
Документы, представляемые для участия в аукционе:
– заявка на участие в аукционе (в 2
экз.);
Претенденты – физические лица
предъявляют документ, удостоверяющий
личность, или представляют копии всех
его листов; опись представленных документов в 2-х экземплярах.
Претенденты – юридические лица
дополнительно представляют следующие
документы:
– заверенные копии учредительных
документов;
– сведения о доле Российской Федерации, субъекта Российской Федерации,
муниципального образования в уставном
капитале юридического лица;
– иные документы, требование к представлению которых может быть установлено федеральным законом. В случае
если от имени претендента действует его
представитель по доверенности, к заявке
должна быть приложена доверенность на
осуществление действий от имени претендента, оформленная в установленном
порядке, или нотариально заверенная
копия такой доверенности. В случае если
доверенность на осуществление действий от имени претендента подписана
лицом, уполномоченным руководителем
юридического лица, заявка должна содержать также документ, подтверждающий
полномочия этого лица.
Все листы документов, представляемых одновременно с заявкой, либо
отдельные тома данных документов
должны быть прошиты, пронумерованы,
скреплены печатью претендента (для
юридического лица) и подписаны претендентом или его представителем. К
данным документам (в том числе к каждому тому) также прилагается их опись.
Договор купли-продажи имущества
не может быть заключен ранее, чем
через 10 и не позднее 15 рабочих дней
со дня размещения информации о результатах аукциона на официальном
сайте торгов. Ознакомиться с формой
заявки, условиями договоров о задатке
и купли-продажи, а также со сведениями об имуществе продажи можно в дни
приема заявок по адресу организатора
торгов и на сайте www.fond95.ru. Итоги
аукциона подводит организатор торгов
непо средственно по сле проведения
аукциона. Ограничения на участие в
аукционе отдельных категорий физических и юридических лиц, в том числе
иностранных, не установлено. Победителем аукциона признается участник,
предложивший наиболее высокую цену
за имущество. При уклонении (отказе)
Победителя аукциона от заключения в
установленный срок договора куплипродажи имущества задаток ему не
возвращается, а Победитель утрачивает
право на заключение указанного договора купли-продажи.
Оплата имуще ства Покупателем
производится в порядке, размере и
сроки, определенные договором куплипродажи.
Данное информационное сообщение
размещено на сайтах www.torgi.gov.ru,
www.fond95.ru.
Государственное казенное специализированное учреждение «Фонд имущества
Чеченской Республики» сообщает, что назначенный на 13 мая 2014 года открытый
аукцион по продаже государственного имущества Чеченской Республики - нежилое
здание кошары, литер «А», общей площадью 768,2 кв.м, расположенное по адресу:
ЧР, Наурский район, ст. Николаевская (лот №1), признан несостоявшимся в связи
с отсутствием заявок.
Дата рассмотрения документов и признания претендентов участниками аукциона – 23 апреля 2014г.
Место проведения аукциона – г. Грозный, ул. Жуковского, 16а.
Организатор торгов – ГКСУ «Фонд имущества Чеченской Республики».
Диплом №0028989 от 01.08.2010 г., выданный Профессиональным училищем
№5 г. Грозного на имя Юнусова Апти Адамовича, считать недействительным
в связи с утерей.
Аттестат, выданный Гехинской средней школой №3 в 1982 году на имя
Дубаевой Марям Сапарбековны, считать недействительным в связи с утерей
Газета зарегистрирована федеральной службой по надзору в сфере связи и массовых коммуникаций.
Свидетельство ПИ № ФС77-33896 от 18 сентября 2008 г.
Газета отпечатана в ГУП «ИПК «Грозненский рабочий».
Адрес: 364021, г. Грозный, ул. Интернациональная, 12/35
Тираж 3000 экз. Заказ № Подписано в печать
по графику: 24.04.14 г. в 17:00 по факту: 24.04.14 г. в 15:00
Мнение редакции может не совпадать с мнением автора.
Редакция не несет ответственности за содержание рекламных
материалов. Рукописи не рецензируются и не возвращаются.
Материалы со знаком ® публикуются на правах рекламы.
Индекс издания в каталоге “Почта России” – 79425
1/--страниц
Пожаловаться на содержимое документа